Соьлжа-ГIалара шина йишигара кхерийна хIусам схьайаьккхина. ДогIанаш дIадаьхьна "Думин депутатан гIоьнчас"

Делимханов Адам

Соьлжа-ГIалара петаран догIанаш схьадаьхна МагомадовгIеран йижаршкара Заирера а, Маликера. ДогIанаш схьа а дохуш, цу чохь Iаш хилла церан ненайиша арайаккха веанера меттигерчу полицин декъан белхахо. Цул а хьалха Заирина а, цуьнан хIусамдена а кхерамаш тийсинера петар чуьра арадохур ду шу бохуш жимахйолчу йишин Маликин доттагIчо, ша Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь дупутат волчу Делимханов Адаман гIоьнча йу аьлла хиллера цу зудчо.

Йоккхаха йолчу йишин цIийндас Идигов Расула дийцарехь, МагомадовгIеран гIуллакхах лаьцна хаам баржийна "Свобода (не) за горами" цIе йолчу гIирсо. Махкал арахьа дехаш ду иза а, Магомадова Заира а, ткъа Малика Соьлжа-ГIалахь йу.

Йижарийн долахь йу церан ненах йисина шина чоьнах лаьтта петар. Стигалкъекъа-беттан 13-чохь гIеметтахIоьттинчу МагомадовгIеран гергарчу зудчера схьадаьхна догIанаш полисхочо, гIирсан хаамашца вуьйцург ву Октябрьскан кIоштан декъан полисхо Довлетбаев Юсуп.

Цул а кхо де хьалха, стигалкъекъа-беттан 10-чохь шина йишин ненайиша а, дейиша а, ишта ИдиговгIеран вежарий а дIабигина хиллера полисхойн декъе. Буса ши сахьт даллалц цигахь латийнера уьш, кхин цаьрга кховдош бехкаш а доцуш. Идигов Расулна тIедожийнера хIусамненера петаран кехаташ шайга схьадалар. Шегахь уьш дац, йа долу меттиг а ша хууш вац аьлла, уьш тешийнера цо. МагомадовгIеран а, ИдиговгIеран гергарнаш дIахецнера, цу кехатийн суьрташ шайн кара кхаьчначул тIаьхьа.

Ницкъаллин структурийн тидам тӀебахийтинарг дара жимахйолчу йишин доттагI йу бохучу цхьана Бакаева Ларисин хаддаза хилла тIедахкарш. Цуьнан аьтто баьллера Нохчийчохь йеха Малике Iеха а йина, и петар йохка ойла кхоллайалийта. Идиговс дийцарехь, Малика масийттазза декхаре нисйеллера ша наркотикашка марзйелла хиларна. Цо аьлла хиллера, Бакаевас шантаж йо шена.

Идиговс дийцарехь, Бакаева гIоьртинера кхуьнан хIусамнана петар йохка бертайало, ша Пачхьалкхан Думин депрутатан Делимханов Адаман гIоьнча йу а бохуш. Цо кхерамаш туьйсура доьзална "проблемаш йохур йу" ша бохуш, церан гергарнаш "Украине тӀом бан бахийта а хьожур йу" ша бохуш. Полисхоша догIанаш схьадаьхначу дийнахь цо Идиговга телефон тоьхна хиллера, ша "толам баьккхина", "ша бохург кхочушдина" аьлла.

Нехан телефонаш чохь Бакаева Лариса дIайазйина йу "Пачхьалкхан Думин депутатан гIоьнча" аьлла, иштта "авторитет", "Президент-отелан гIоьнча" аьлла а, билгалдоккху хаамийн гIирсо.

Кавказ.Реалии сайтана гучудаьлла ма-хиллара, Нохчийчуьрчу Юкъараллин мониторинган комиссин (ОНК) куьйгалхочун гIовс йу аьлла, хьахийна йу изза цӀе йолу Соьлжа-гIалара йахархо. Тутмакхашца хиллачу цхьанакхетарехь даьхначу суьрташ тӀехь гуш йу Бакаева Ларисех тера йолу зуда. ХIинца, ОНК-н официалан сайтехь йолчу комиссин тептарехь цуьнан цIе йац.

  • 2025-чу шарахь Кавказ.Реалии сайто йаздира, Нохчийчохь оппозицин жигархошкара а, церан гергарчаьргара а цӀенош схьадахар даьржина хиларх лаьцна – оцу хьелашкахь уьш йа ницкъаллин структурийн кара дӀалуш хилла, йа дохка кхайкхийна карадора.
  • Лахьан-беттан 17-чу дийнахь Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонехь дийцаре дира латтанаш пайда хьулчу агIор лелош цахиларх лаьцна. Республикан куьйгалхочун 18 шо долчу кIентан Кадыров Адаман тӀедилларца цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначара дийцаре дира цIенош дан, йа кхечу агIор латтанех пайдаэца Iалашонца лоьцу меттигаш нийса лелош йац бохуш. И тайпа латтанаш схьа а дохуш, пачхьалкхан дола дохур ду аьлла, дӀахьедира хьаькамаша. Мэрин урхаллина а, ницкъаллийн структурашна а тӀедиллира "дIатесна латточу дакъойн" долахой схьакарабар.