Ставрополан махкара некъан полицин урхаллан хьаькамаш лецна полицино

Гайтаман сурт

Росгвардино дIалаьцна Ставрополан кIоштахь регионалан некъан полицин урхаллан (ГИБДД) куьйгалхо Сафонов Алексей а, цуьнан масех белхахо а коррупци лелийна хиларца шеконаш кхоллаелла. Хаамийн гIирсашкахь яздо, оцу урхаллан 35 белхахо лаьцна ву аьлла.

ТАСС агенталлан хьосто хаам барехь, Сафонов лаьцна коррупцица доьзна а, даржашца лелийначу а зуламашна бехкевина.

Шеконашца лецначийн белхан кабинеташ чохь талламаш бу дIахьош. Хаам барехь, лецна болу ГИБДД-н белхахоша "зуламан тобанан декъахь духкуш хилла документаш а, исбаьхьа автомобилийн номерш а".

Пачхьалкхан Думан депутато Хинштейн Александра шен телеграм-каналехь дIахьедо, шеконашка эцначу наха "массо а хIумана тIехь рицкъ доккхура: "блатной номерш тIера а, кир кхоьхьу машенаш дехьайилитарна а тIера – гIум юхкучу тIе кхаччалц".

Бакъоларъяран органаша цкъачунна официалехь цхьана а кепара комментари йитина яц ГИБДД-н куьйгалхой лецарх лаьцна.