Шемарчу мухIажирийн бераш Оьрсийчоьнан доьшийлашка хIунда ца дуьту

Your browser doesn’t support HTML5

Москохарчу Ногинскехь бехаш бу Шемара баьхкина мухIажирш. "Гражданское содействие" организацино мигранташна лерина интеграцин центр йиллина кхузахь. Цигахь берашна Iамабо оьрсийн мотт, уьш школана кечбархьама. Амма доьшийлашка шемахойн доьзалхой эца дуьхьало йо. Бахьанаш - дайн-нанойн регистраци цахилар, ткъа Шемарчу мухIажиршна ханна тховкIело яла а реза ца хилла Iедалхой, церан даймахкахь тIом бац аьлла.