"Тбилисера гIалгIайн синбахамаллин центр" Оьрсийчоьно "ца оьшу организаци" лерина

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан юридикан министралло ца оьшучу организацийн тептаре йазйина "Тбилисера гIалгIайн синбахамаллин центр". Цуьнан бахьана хууш дац.

Ишта реестре йаьккхина Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейра (ПАСЕ) Оьрсийчоьнан демократин ницкъашца дийцарш дан лерина Платформа а, Словакихь куп тоьхна Vidim Books жаргийн зорбу туху арахоьцийла а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташкара политикан Пономарев Ильян "Сенатан майданан Йукъаралла" а, украинхойн бакъоларйаран "Сечь" тоба а, доллу дуьненара къаьмнийн барт а, машар а хиларехьа йолу Къилба Корейн доьзалийн Федераци а, дуьненан а, политикан кхерамзаллин а проблемаш луьстуш йолу Гамбуган университетера немцойн Институт а, "Вовшахтоьхна Украинан гIо латто" америкахойн йукъаралла а, ишта Эстонихь йолу "ТIамна дуьхьал пасторийн инициатива" а. Цуьнан векал ву мозгIар, "ТIамна дуьхьал комитетан" а, "Маьршачу Оьрсийчоьнан Форуман" а спикер волу Заякин Павел, билгалдоккху SOTA медиас.

  • Товбеца-баттахь юридикан министралло лелочу "арахьарчу агентийн" тептаре йазвира гIалгIайн блогер Аушев Адам а, "Донера Республикан Болам" а.
  • Стиглакъекъа-баттахь "арахьара агент" дIакхайкхийра информацин-аналитикан центр "Башня". Iедалхошна бинчу сацамна жоп луш цара дIахьедира, "оккупацин системина, Кавказах а, репрессех а, Кремлан цензура а йоцуш бакъдерг дуьйцу муьлхха а майда "кхераме" хета аьлла.
  • Хьалхо "арахьара агенташ" бу аьлла, тептаре йазбира ишта Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхинболу йукъаралхой, инициативаш, гIарабевлла нах, журналисташ а. Царлахь вара дагестанхойн журналист Мурадов Мурад, ГIалмакхойчуьра лакхара лама Ринпоче Тэло Тулку (Омбадыков Эрдни), Краснодарера адвокат Беньяш Михаил, комедин актер, Пятигорскера иллиалархо Слепаков Семен, гIалмакхойн жигархо Довданов Владимир, чергазийн жигархой Яганов ИбрахIим, Кочесоко Мартин, ногIийн жигархо Курманакаев Анвар, нохчийн историк Вачагаев Майрбек, Кубанера жигархо Вотановский Виталий, Краснодарера политолог, украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхо Савва Михаил, дагестанхойн "Новое дело" зорбанан гIирсан журналист а, жигархо Юсупов Идрис а, "Кавказский узел" интернет-гIирсан коьрта редактор Шведов Григорий, "ГIалгIайн йозушцахиларан Комитет", Германихь веха Нохчийчуьра бакънашларйархо Арцуев Аслан, политолог, Нохчийчуьра йукъаралхо Кутаев Руслан, вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор, Ейскехь хиллла депутат Коровайный Александр, ишта кхин берш а.
  • ГIуран-баттахь ПАСЕ-но тIечIагIйира Оьсрийчоьнан демократин ницкъийн платформа, иза йу тIамна дуьхьал болчу Оьрсийчуьра бахархошна а, европахойн институцешна а йукъахь диалог хилийта кхоьллина керла кеп. Цуьнан декъашхошлахь ву "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президент, политикан тутмакх лаьттина Кутаев Руслан а. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцира оцу майданан Iалашонех а, цуьнан таронех а.