Тептаршкара дIабаьхна. 30 сов шераш ду Нохчийчуьра мухIажарша шайна хIусамаш йоьху

Йохийначу Соьлжа-ГIалара арабуьйлу мухIажарш, архивера сурт

Нохчийчохь хьалхара тӀом болабелла ткъе итт шо сов хан йаьлча а, ца бевллачу денна ГӀалгӀайчу дӀабаханчу наха хӀинца а пачхьалкхаца къуьйсу, шайн хIаллакбинчу бахамна дуьхьал керла хIусамаш йаха гIерташ.Компенсацеш лур йу аьлла дара федералан эскарш республике чу далийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна, амма, зенаш хиллачийн дешнашца, Iедалхоша дуьхьало йора хIусаман сертификаташ ца долуьйтуш, хIинца а латтайо дуьхьало. Тхан редакцино листира, тIамах бевддачу нахана хIусамаш йаларх лаьтта хаттар тахана а дерзийна стенна дац.

ХӀусаман меттана компенсаци йалар

1994-чу шеран дечкен-баттахь Нохчийчохь болабеллачу хьалхарчу тӀамо эзарнашкахь меттигера бахархой луларчу ГӀалгӀайчу дӀабаха декхаре бира. ЦӀаберза аьтто боцчарна мухIажарийн статус лора, уьш пачхьалкхера гIо хир ду аьлла, тептаре а йазбира, бохура ишта царна хIусаман сертификаташ а лур ду. Масех иттанашкахь шераш ду Нохчийчуьрчу мухIажаршна хӀусамаш латторан программа ГӀалгӀайчохь болх беш йолу.

ГIалгIайчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчун рапортаца а догIуш, 2021-чу шарахь (2007-чу шарера 2017-чу шаре гергга) хIусам лур йу аьлла билгалбаьхначийн тептарехь хиллачу 14 488 доьзалх хIусамаш йелира 1 637-на. Оцу хеначохь 4445 доьзална компенсацеш кхачийра церан йохийначу гIишлойх а, бахамах а, кхин а 435 доьзална йеххачу заманна суданаш делира хIусамаш йан, йа эца, процент тIе а ца йожош, хенан йохалла йухадала. 2015-чу шарахь мухIажарех лаьцна долчу низамехь бина хийцамаш бахьана долуш, дуккхаъ доьзалш бевлира, хьалхо ийдина компенсацеш бахьана долуш, мухIажаран статусах, ссуданех, пачхьалкхера кхечу гIоьнах а.

ДIалучу ахчанийн барамца доьзна ца Iара и, бохура нохчийн бакъонашларйархочо Газиева Фатимас: "Уггар а йоккха дуьхьало йара царна, зенаш хиллачу нахе йух-йуха а шайх хиллачух тоьшаллаш де бахар Шайн цIийнах а бевлла, бевдда баьхкина нах ма барий уьш".

Цо дийцарехь, церан йохийначу хIусамийн кехаташ хоьттура цаьрга, тIамах бовдучу церан уьш кIелхьардаха аьтто ма ца хиллера. Цул совнах, царна йеллачу компенсацеша хIусаман хаттар ца дерзадора: "Доьзалан йоьхна хIусам, боллу бахам йуха меттахIотталур бацара, цара оцу нахана кхийдош хиллачу ахчанца".

2018-чу шарахь, ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбанан, информацин министраллин зерашца, йукъахь хIоттийначу тептарера дIабаьккхира хIусам оьшуш хилла ши эзар сов доьзал. Коьрта бахьана дара- компенсаци, йа субсидеш йеллачул тIаьхьа мухIажарийн статусах уьш бовлар.

ХIетахь дуьйна хIуммаъ а хийцаделлий-те? Ма-дарра аьлча, ца хийцаделла

Шерашкахь махкахбаьхна нах гӀертара и хIума къовса – гӀалгӀайн кхелашкахула а, президенте а, Пачхьалкхан Думан депутаташка а латкъамаш барца а, массара а искаш чуйаларца а. 2019-чу шеран зазадокху-баттахь ГӀалгӀайчоьнан Конституцин кхело листира Базоркина Аллин а, Шанхоев Ганадан а латкъамаш, царна хьалхо дIакхачийнера церан йоьхначу хIусамех 132 460 эзар а, 138 000 эзар а ахчанаш.

Кхело конституцица догӀуш дац элира, компенсацеш йеллера аьлла, хӀусамаш йала дуьхьало йар. Тхан редакцига дийцира тептарера дIайаьккхина хиллачу цхьахйолчу мухIажаро, кхелан сацам тӀеэцначул тӀаьхьа а хьал хийцалуш дац аьлла. Оьрсийчохь "оьшушйоцург" аьлла статус хилар бахьана долуш, шен цӀе ца йовзийтар дийхира цо.

"Тхо дацара хIуммаъ а ца деш Iаш, ГIалгIайчоьнан Конституцин кхеле дIахьединера, цо а 2019-чу шеран бIаьста тхан тIедахкарш низамехь ду элира. ХIетахь дуьйна хийцаделла хIума дуй? Ма-дарра аьлча, дац", - бохура зен хиллачу зудчо. Цо дийцарехь, тIаьхьо оцу тептаршка йуха йазбира 32 доьзал, бисинарш а тIе стенна ца йазбина, хIетахьлерачу мехкан Лакхарчу кхелан кьуйгалхочо аьлла хиллера, цо дагалецарца: "Цигахь цхьацца нюансаш хиллачух тера ду".

И проблема йерзон гIерташ кхин дIа а къа хьийгира. 2022-чу шеран мангал-баттахь 30 гергга мухIажаро йукъахь иск чуйелира Магасан кIоштан кхеле, Iедалхоша деш кIад а дац, шайн цIераш хIусамаш йала йезачех хIиттийначу тептаре тIейазйе аьлла. Амма царна дуьхьало йира.

ГIалгIайчуьра нохчийн мухIажарш, архивера сурт

Цуьнца цхьаьна федералан низамаш тIегIанехь а гIиртира хаттар дерзон: 2021-чу шарахь ГӀалгӀайчоьнан къоман министралло мукӀарло дира, кхаьчна компенсаци лахара хиларна а, хӀусамийн проблема йерзийна цахиларх а. Амма карарчу хенахь долчу низамашца цу категорин бакъо йацара хIусаман сертификаташ кхачон. ХIетахь Пачхьалкхан Думе дӀакхачийра оцу низамехь хийцамаш баран проект, цуьнан дика мах хадийнера Оьрсийчоьнан гӀишлошъйаран министралло. Цу шеран гурахь иза листа лерина а дара. Иза тӀе ца ийцира, цул тӀаьхьа оццу темина лерина низаман проекташ а санна:уьш тIе ца оьцура, тIаьххьара – 2025-чу шеран тобвеца-баттахь.

Тхо чомахь дехаш дац, хIокху харцоно бале лаьцна тхо

Оцу йукъанна доьзалех терахь кест-кеста тептарехь хуьйцуш дара. 2019-чу шеран дечкен-баттахь ГIалгIайчоьнан къоман политикан министро Волков Руслана дIахьедира, 2020-чу шарахь тIечIагIдинчу тептарехь 428 доьзал бара аьлла. Амма мухха делахь а, 2020-чу шарахь хIусаман сертификаташ дIакхачийра кхин а 339 Нохчийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а мухIажарийн доьзалашна. 2021-ра шо чекхдолуш йукъарчу тептарехь мел кIезиг а 48 доьзал бара - 199 стаг.

Омбудсменан керлачу рапортаца а догIуш, 2025-чу шарахь хIусаман бакъо йелира кхин а 18 доьзална- 250 стаг. Кхин а маса стаг ву хIусам йоцуш висина, оцу тептарехь Iедалхоша билгалдаьккхина дац.

2026-чу шеран гезгамашин-баттахь 20 гергга мухIажаро видеокхайкхам бира Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре хьажийна. Цара дIахьедора, тептарера 2 1065 доьзал дIабаьккхина аьлла, доьхура, ГIалгIайчохь мухIажаршна хIусамаш латторан программа муха кхочушйо хьожуш, терго йахьара ахьа аьлла. ХIара материал зорбане йоккхучу заманчохь йа Талламан комитето а, йа ГIалгIайчоьнан Iедалша а оцу кхайкхамах лаьцна аьлла дош дац.

"Пачхьалкхо и ледара компенсацеш тхуна деллачул тIаьхьа, Нохчийчохь тхан хиллачу хIусамийн кхеташ тхоьгара схьадаьхна, йа кхузахь тхуна кхаьчна хIума а йац, - дуьйцура цхьана мухIажаро. – Хьуо шолгIачу сортан адам хета-кх хьуна: кхеташ дац, хIун динчунна тхоьца ишта харцо къуьйсу, оха хIун зулам дина? Тхо чомахь дехаш дац, хIокху харцоно бале лаьцна тхо".

Къамелдечо дийцарехь, кхелхина баьхкина нах, шаьш тептаршка йуха йаздайтина ца Iаш, дахначу шерашкахь гIишлош а, ахчанаш а муха декъна тIекхиа гIерташ бу.

Бюджет йу – хIусам йац

Тептарш лахдинчул тӀаьхьа а мухIажаршна лерина хIусамашна бюджет латтош йара. 2019-чу шарахь 980 миллион соьмана 292 сертификат делира Нохчийчуьра боьхна баьхкинчу бахархошна, пачхьалкхан хӀусамийн программин гурашкахь. 2020-чу шарахь цу Ӏалашонашна рекордан барамехь 1,18 миллиард сом ахча хьажийра ГӀалгӀайчохь, 320 сов доьзална хӀусамаш эца Iалашонца.

Нохчийчу дIадаха аьтто а бац, йа кхузахь дIатардала а

2026-чу шарахь федералан центрера иштта ахча кхачадора: ГIалгIайчоьнна кхачош ду мухIажаршна аьлла пачхьалкхан хIусаман 19 сертификатна лерина 488,5 миллион сом.

"2021-чу шарера схьа дуьйна тхо кхеташ дацара, оцу ахчанах дина цIенош хьанна кхачош ду. Мехкан урхалхочуьнга Калиматов Махьмуд-Iелига а йаздора оха, парламентан куьйгалхочуьнга Тумбоев Мхьмаде а йаздора, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин хьалхача волчу Илезов Михаиле а йаздора. Дехарш дора оха, хIусамаш кхаьчначу нехан тептарш зорбане даха бохуш, амма тхоьга ладугIуш стаг вацара", - дийцира лакхахь хьахийначу зенаш хиллачу зудчо.

ГIалгIайчуьра нохчийн мухIажарш, архивера сурт

Терахьашна а, кхелан гIуллакхашна а тIехьа ду, хIора денна и нах Iитталуш дерг. Къоман политикан министраллин тептарехь 2025-чу шеран гIуран-баттахь вара хIусамаш лур йу аьлла рогIе хIоттийна 35 доьзал-334 стаг, ткъа оцу тептарера дIабайина 930 доьзал.

"Ткъе итт ш а ду цхьаберш шайн гергарчу нахехь Iаш болу, цхьаболчара ипотека эцна йаккхийчу проценташца, дукхахберш хIусам лаьцна Iаш бу, шайн хIусам цкъа мацца а хир йу аьлла, сатуьйсийла а йоцуш", - боху редакцица къамел динчо. Цо бахарехь, Нохчийчу йухабахар а дош дац царна: "ТIамах девдда лелла, маьрша адамаш ма ду тхо. ХIетте а тхайн даймахка а дирзина, цигахь дIатардала йиш а йац тхан".

Официалан хаамашца цхьа агӀо бен ца гойту: программа дӀахьочу шерашкахь цхьаьнатоьхначу тептаршкахь болчу доьзалийн терахь дикка лахделла, ткъа хӀусамийн сертификаташ дӀалуш ду. Амма, оцу тептаршкара дIабаьхначул тIаьхьа а шаьш хIусаман къоьлла ловш ду бохучех билггала долу терахь Iедалхойн йиллинчу чоьташкахь гойтуш дац.

  • Шен дай баьхначу ГIалгIайчохь шена а, шен доьзална а компенсаци йаккха гIерта Плиев Ахметхан, мухIажар хиларе терра. 1994-чу шарахь Соьлжа-ГIалара аравала дийзира цуьнан тIом бахьана долуш. ООН-о ПлиевгIеран доьзал мухIажарш бу аьлла, тIечIагIдина, ткъа гIалгIайн хьаькамашна-ца лору.
  • ГIалгIайчоьнан кхело тIедожийна Iедална Нохчийчуьра боьхна баьхкина нах хIусаман сертификаташ эца хIоттийначу тептарна йукъа тоха аьлла. Хьалхо дуьхьало йира царна, цхьаболчара санна царна йа компенсаци а, йа йоьхначу гIишлошна дуьхьал хIусам а йелла йоццушехь.