Нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашвечийн ницкъ ца тоьъна иза лацар къовса – къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а белхахоша дIахьедина, террорхойн тобанашца а, нохчийн зуламхошца а цуьнан уьйраш хила тарло аьлла. Шина баттана лаьцна вуьтуш СИЗО хьажийна Идалов, прокурорна кхерамаш тийсарна.
ГIуллакхан материалашна йукъатоьхна ФСБ урхаллин куьйгалхочун жоп, цу тIехь боху, Идаловн "шуьйра уьйраш йу кеп-кепарчу дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллашца, нохчийн зуламхойн тобанашца а".
Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллера бехкзуламан гIуллакхаш толлучу хьаькаман рапорта тIехь чIагIдо, юристан нохчийн зуламан тобанашца уьйраш йу, "Оьрсийчоьнел арахьа дуккха а бевзаш нах а бу" цуьнан. Хетарехь, Оьрсийчохь террорхойн лерина батIалхьажойн динан тоба йу йуьйцург, цу вовшахтохараллин векалшна адвокат хIоьттинера иза ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо верах долчу гIуллакхехь.
Процессехь адвокаташа хаьттира талламхочуьнга, цуьнан криминалан зIенаш хиларх цхьаъ мукъна а масал далон таро йуй хьан аьлла, амма жоп ца хилира.
Цунна дIасавалар доьхкуш хIоттийначу кхелехь чохь вуьтуш сацам бар къовсу адвокаташа тIетевжира и шеконаш а, дина боху зулам а тоьшаллашца тIечIагIйина цахиларна. Цул совнах адвокаташа дийхира, 55 шо долчу Идаловн могушалла цахилар а, ша адвокат хиларе терра, цо лелош хилла гIуллакхаш а йукъахдовларна а, кхечу махкахь лела паспорт талламхочуьнга дIаделла хилар а (пачхьалкхера дIаваха таро цахилар) тидаме эцахьара аьлла. Бехктакхаман гIуллакх долор цуна бина бекхам бу аьлла адвокаташа, цхьа могIа резонансе гIуллакхаш цо дIахьош хиларна. Цуьнан аргумент йу, прокурорах лаьцна кхелехь цо дешнаш аьлла ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх айдина хилар.
Идалов Iалашвечарех цхьана адвокато Мусаев Мурада дIа ма хьедарра, процессехь дакъалоцучу прокуроре аьллера цо: "Хьо капитан Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латтош хилларг – Билгалдаккхар.)? Цунна тоьпаш ма тоьхна".
- Идалов Тимур – Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, 1999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла. ШолгIа наркотикашца доьзна бехкевира иза. 2012-чу шарахь, "Коммерсантан" информацица, Европера адаминй бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.
- "Коммерсантан" информацица, ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. И гIуллакх листа Къилбан гонашкара тIеман кхеле кхачийна дечкен-баттахь. 2020-чу шарахь Идаловс дIахьедира SOTA телеграм-каналана йеллачу комментарехь, ша Iалашвечунна тIехь Iазапаш лелийнера Буьри-ГIаларчу номер 6 йолчу СИЗО-хь аьлла.
- SOTA-н хаамашца, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца, цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 2018-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла.