"Маьрша догIийла жоьжахате, II дакъа". Нохчийчуьра шолгIа тIом
1995 шо, нохчийн маршонан байракхна уллехь лаьтта махкара жигархо. 1994-95 шерашкахь Оьрсийчоьнан бомбанаша, яккхий тоьпаша, танкаша хIаллакйира дукхахйолу гIишлош. Бирзинчу тIамо маьршаяьккхира Нохчийчоь.
1994 шо, нохчо. Массийтта бIе шо ду Кремло нохчийн Iазапехь кхобу. Нохчийн къоман амал ма-ярра йовзийтина цуьнан векалшца набахти текхначу Солженицын Александра: "цхьа къам ду олалла тIе ца эцна - нохчий".
1996 шо, ШарIан кхел. ТIамо бух латтабора зуламхошна, къоланаш даьржинера. 1997 шарахь ШарIан кхелаш юкъаехира махкахь, гIожамаш еттара низамах боьхначарна.
Дагестане тIом эцна бахначу нохчийн тIемалошна дуьхьаллеташ ду Оьрсийчоьнан эскар. Оцу хьоло бахьана даьккхира Нохчийчохь шолгIа тIом боло.
Кхин а цхьа бахьана делира тIамна Оьрсийчохь цIенош лелхийтаро. Москох а, кхин шина гIалахь а велира 300 сов стаг. Путина "нохчийн террорхой" бехкебира хиллачунна. Нохчийчу тIом бахьархьама, цIенош Кремло ша лелхийтина боху ойла хIинца а лела пачхьалкхехь.
1999 шеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь Путина эскарш хьовсийра Нохчийчу. Оцу беттан шолгIачу дийнахь даьккхина ду сурт.
Нохчийн тIемалошна тIе герз детташ бу Оьрсийчоьнан ницкъаш. Меттигаш дIалецале хьалха нохчийн позицешна тIе дуккха а яккхий тоьпаш, бомбанаш тухура цара.
ГIадужу-беттан 17-гIа де. Федералан эскарш тергалдеш Iа нохчий.
Оьрсийчоьнан беракеманаш хьийза нохчийн юьрта тIехула. Беракеманашца ракеташ етташ, тIом бар шена аттачу даьккхира Оьрсийчоьно, амма дукха хIаллакбира бехкебоцу бахархой.
Оьрсийн "Точка" ракето хьо шеца ах тонна оьккху молха, гаьргаш. 1999 шеран Лахьан-бутт. Массех и тайпа ракета туьйхира Соьлж-ГIалина тIе Лахьан-беттан 21-чу дийнахь – вийра 100 сов вахархо, оьгIаздахийтира дерриг а дуьне.
Оьрсийчоьно мехкдаьтта дIаузучу регионех ю Нохчийчоь. Мехкдаьттан биргIанаш ма-хуьллу ца йохо гIиртина Оьрсийчоь. Меттигерчу мехкдаьттах шайна пайда оьцуш хьийзина тIеман заманахь Кремлан эскарш.
"Маьрша догIийла жоьжахате, II дакъа" ду яздина Соьлж-ГIалин йистехь. Буха йоза хIоттийна Иркутскерчу оьрсийн эскархоша: "Тхо юхадаьхкина".
2000 шо, Соьлж-ГIалара тIом.
2000 шо, Чиллан-бутт, шайн пачхьалкхан байракх дIатухуш бу Оьрсийчоьнан эскархой. ГIала бомбанаша, кхечу герзаша йохийча, херцаршла яхча, караеара оьрсашна.
Соьлж-ГIалин майданашкахула йогIу зуда. Итт шерачохь хиллачу шина тIамо Нохчийчоьнан коьрта шахьар хIоттийра дуьнентIехь уггаре чIогIа йохийначу гIаланийн могIара.
2000 шо, Оьрсийчоьнан хIордан гIашлсалтий. Соьлж-ГIала йоьжча, кхечу хьесапе бирзира тIом – лаьмнашкара, хьаннашкара тIелетарш дора нохчаша.
1999 шо, нохчийн тIемалой бу Соьлж-ГIалина гергарчу хьуьнхахь садоIуш.
2000 шеран Охан-бутт, Оьрсийчоьнан эскар лаьтта лаьмнашкахь.
Федералаша тIом лаьмнашка кхачийча, алсамдевлира лаьмнашкахь лаьттачу нохчийн дакъойн тIелетарш. Ткъа оьрсаша жигарабаьккхира шаьш махкарчу юкъараллашна бен тIеIаткъам.
2000 шо, Зазадоккху-бутт, ГIой-Чу, луьра тасадалар иккхира нохчийн тIемалошний, Оьрсийчоьнан эскаршний юкъахь. Дукха маьрша нах байира 700 вахархочух лаьттачу юьртахь. ТIаьхьо Путина, ша президент хIуттушехь, Кремлан карадерзийра Нохчийчemhf урхалла.
2002 шо, Лахьан-бутт, Норд-Ост. Нохчийн тIемалоша театрехь дIалецира спектакле веана 1000 хьажархо. Декхаредира Iедал шайн даймахкара тIом сацо а, эскарш арадаха а. КхоалгIачу дийнахь лерина ницкъаш тIелетира театрна, дIаьвше газца байира террорхой а, 130 хьажархо а.
2002 шарахь Норд-Остна тIелатарал совнах, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а лилхира терроран тохарш. 2004-гIа дешаран шо долалучу дийнахь тIемалоша дIалецира ХIирийчуьрчу Бесланера школа. 1100 дешархо а, хьехархо а, берийн гергарнаш а закъалте лецначара Оьрсийчоьнна тIедожийра Нохчийчуьра эскарш арадахар. Амма эскарша штурм йолийра школехь, байира тIемалой а, шайлахь дуккха а бераш а долуш, 300 сов маьрша вахархо а.
2000 шо, Зазадоккху-бутт, Кадыров Ахьмад (аьрру агIор) хIоттийра Нохчийчоьнах ханна жоп луш волу администратор. Сепаратистийн хьалханчашлахь а лелла, тIаьхьа Кремлехьа ваьлла волу и политик эккхийтира 2004 шарахь Оьрсийчоьно Толаман Де даздечу сахьташкахь. Цуьнан воI (аьтту агIор) хIоттийра Путина Нохчийчоьнна тIе, президентан даржехь. Оцу хенахь дуьйна ву Каыров Рамзан Кремлна хьалха Нохчийчоьнах жоп луш. Вуно дукха ахча дайира Оьрсийчоьнан Iедало Нохчийчоь меттахIоттош. Бакъоларъярхоша чIагIдарехь, халкъ кхерорца, тIехь ницкъ барца, адамаш лечкъорца, дайарца дIахьо Кадыровс махканна тIехь олалла.
2009 шо, Нохчийчуьра "контртерроран операци" сацайо Кремло. Эксперташа бахарехь, 50 000 – 80 000 стаг вийна Нохчийчохь иккхинчу конфликтехь, оцу нахах дукхахберш бара маьрша бахархой.