Нохчийчохь шайна лаьттачу кхерамах бевдда баьхкинчу АбуевгIарна тховкIело йала дуьхьал хилла Германи. ХIинца цаьрга боху шайн пачхьалкхера арадовла. Тхан редакцига хаам бинчу бакъонашларйархочо Дунаева Розас бахарехь, оцу доьзална кхерам лаьтта Оьрсийчохь.
"Нагахь санна, оцу стагана йухавеъча хьовзам балахь, пачхьалкхан гIалато йоккха тIаьхьало йуьйтур йу царна. Оха тIедожориг кхин доккха хIума а дац: нийсо, церан гIуллакх леррина таллар, массо а хIуманан хьесап дар, адамийн бакъонаш ларйар", - дIахьедина Дунаевас.
Цо билгалдаьккхина, Германира нохчийн диаспоран векалша кест-кеста дуьйцуш хиларх тховкIело йоьхуш чуделла церан кехаташ листар чолхе даккхарх лаьцна. АбуевгIеран доьзалехь диъ бер ду: 22, 18, 13, 10 шераш долуш. Бакъонашларйархочо дийцарехь, доьзалан дас масех шо даьккхина Нохчийчуьрчу набахтехь.
- Нохчийн диаспоран векалша кхайкхамбина европахойн Iедалхошка шайга тховкIело йеха баьхкина Къилбаседа Кавказера бахархой пачхьалкхашкара арабахар дита аьлла. ТховкIело йоьхуш чуделла дехарш кIезиг бен къобалдина цахиларх официалехь цхьана Германино тIечIагIдина, амма бакъонашларйархоша чIагIдо, Украинехь тIом болийчхьана йоллу Европехула нахана цунах хьовзам хуьлу бохуш. Церан хаамашца, Оьрсийчу дIахьийсийначул тIаьхьа хIинцале а 20 сов Кавказера вахархо вийна лоруш ву.