ХIара кIира суьрташкахь

Шекаран бамба бухкург Iаьрбийн хIорда йистонца, Мумбаи, ХIиндойчоь (Рейтер / Шайлеш Андраде)
 

Октябран Революцин 100 шо кхочуш Киевехь Ленинах тера йина тайниг яго кечлуш бу юкъархой(AP / Ефрем Лукацкий). 

 

Хьаьвзинчу Тамри-мохо хIусамна зен дина Хойан гIалара нана а, бер а хевшина Iа стогарийн туьканна гергахь, Вьетнам (AFP / Энтони Уоллес)

 

Ленинан хIолламна гергахь гуллуш бу Бишкекехь гIиргIазойн коммунисташ Октябран Революцин 100 шо кхочучу дийнахь, Бишкек (AFP / Вячеслав Оселедко)

 

Октябран Революцин 100 шо кхочучу денна леринчу гуламе йоьдуш ю байракхца йоккха стаг, Москох (Рейтер / Андрей Волков)

 

Дешна а девлла, школера цIадоьлхуш ду бераш-овхIанхой, Кабул (AP/Рахьман Гул)
 

Джалалабадна гергарчу ГIани Хел юьртахь арахь доьшуш ду бераш, ОвхIанистан
(Рейтерс/Парвиз)

Петарбухахь, магийна йоцчу коммунистийн митингехь лаьцна, полицин машена чувоьллина "Кхин Оьрсийчоь" боламан декъашхо ву мохь бетташ нахе (AP / Дмитрий Ловецкий)

Мурри гIаларчу Ал-Надва хьуьжарахь Къур'ан Iамош бу мутъIеламаш (Рейтер / Карен Фироуз)

Гератерчу еа синагогех цхьаъ, Ю-Ау, тоеш бу белхалой, ОвхIанистан (epa-EFE / Жалил Резайе)
 

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин жил-Iалам Iалашдарх йолу кхеташо хуьлу хан тIекхочуш Рейнца лаьтта кIорабоккхийла дIакъовлийта акци хIоттийна жигархоша, уьш дIасабаха араяьлла полици (epa-EFE / Филип Гуелланд)

Казахстанерчу космонавтийн гIалахула Байконурехула Ленинан хIолламна уллехула чекхйолуш ю зуда (АП / Дмитрий Ловецкий)

 

"Демократи гурашкахь ю!" - мохь бетта Iедална дуьхьал арабевллачу гуламхоша Бухарестехь. Коррупцина яржа аьтто лур бу аьлла хета румынашна шайн Iедало деношкахь арадаьккхинчу керлачу низамо, Албани. (AП / Андрей Александру)
 

Беларусера артист ву хелхаволуш Минскерчу цхьана туьканна хьалха (epa-EFE/Tатьяна Зенкович)

 

ХьожайогIучу бецан шафранан зезагаш лахьош бу зударий-овхIанхой Гератна уллерчу Карух кIоштахь (epa-EFE / Джалил Резайе)

Куропаташкахь Советийн Iедало байинчу нехан кешнашна хьалха соцунгIа хилла вахархо. Цигахь дIавоьллиина ву Сталинан заманахь репрессеш йина 30 000 гергга стаг. (Рейтер / Василий Федосенко)

Москох гуламехь оппозицин жигархо лаьцна ОМОН-хоша (AFP / Максим Змеев)

Хьалха заманахь лелийначу кучахь шира кепарчу вилспетахь йоьду Прагехула зуда, Чехи (Epa-EFE / Мартин Дивисек)