Цхьана шарчохь коррупцица лелийначу зуламех миллиард соьмана зенаш дина ГIалгIайчохь

ГIалгIайчоьнан байракх. Гайтаман сурт

Стохка ГӀалгӀайчохь экономикан а, коррупцин а зуламаш лелийна 250 сов гIуллакх къаьстина. Динчу зенийн барам бу миллиард гергга сом.

И статистика йовзийтина республикан чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Котов Владимира Халкъан гуламна хьалха ша динчу къамелехь, йаздо "Фортанга" агенталло. Пачхьалкхан декъехь къастийначу зуламан терахь кхоалгӀачу декъанна гергга алсамдаьлла 2024-чу шарца дуьстича. И зераш чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан балхах бен хьакхалуш дац.

"Фортанго" билгалдаккхарехь, ГIалгIачйчуьра лаккхарчу даржашкахь болу хьаькамаш а, ницкъахой кест-кеста бехкебо коррупцица доьзна зуламаш лелорна. Иштачу цхьана гIуллакхана жоьпалле озийна ву федералан почтан зIенан куьйгалхо хилла Калиматов Мохьмад-Башир, мехкан урхалхочун Калиматов Махьмуд-Iелин воккхаха волу ваша ву иза.

• ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхело аппеляцица чIагIдина республикин онкодиспансеран коьрта лор хиллачу Гезгиев Мусана кхайкхийна таIзар. Хьалхара инстанцин кхело цунна арахь йаккха тоьхна хилла хан хийцина цара набахтехь йоккхуьйтуш.

• ГӀалгӀайчуьрчу Оьрсийчоьнан почтан декъан "Экажево" почтан куьйгалхо хиллачунна 4 шой ах шой набахтехь даккха хан тоьхна Черкесскан гӀалин кхело. Бозбуунчаллаш лелорна а, криминалан вовшахтохаралла вовшахтохарна а бехке а йина, кхел йира цунна.