Керла авиарейс: Нохчийчоь - Туркойчоь

Кхаарийдийнахь пассажираш эцна хьалхара кема дIасадахна керла йиллинчу Истамул-Соьлж-ГIала-Истамул авиарейсца.

Туркойн шахьарара Нохчийчу 35 стаг вахана оцу кеманца, ткъа Туркойчу – 135. Кавказ. Реалино, Оьрсийчуьрчу хьостанашна тIе а тевжаш бахарехь, дозанал ара некъ эцна баханарш ца Iа Нохчийчуьра хилла, луларчу мехкашкара а бу – Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра.

КIиранах кхузза лелар ду кема.