Украинерчу малхбалехь дIавоьллира 4 эскархо

Украинан салтий шайн тIамехь кхелхинчу бIонакъостийн тезетехь Киеверчу маршонан майданехь.

2014-чу шеран Оханан-баттахь малхбалерчу Украинехь йолаеллачу конфликтехь вийна 9,750 сов стаг.

Уггар луьра тIематийсадаларш хиллачу Авдеевкехь меттигера бахархой бу орцанхоша шайна лучу яахIумана собардеш Чиллан-Беттан 1-чу дийнахь. 

Меттигера бахархой тIемаш долчу Авдеевкера кхечу метта шаьш дIадуьгур долчу автобусашна тIеховсуш бу Чиллан-Беттан 1-чу дийнахь.

Вовшахкхеттачу Къаьмнийн Кхеташоно малхбалерчу Украинехь хьал кхераме дерзарна ша 'чIогIа саготта' хилар дIа а хаийтина, шига агIоне декъаредира тIом сацабе аьлла.