Украинехь кадыровхой лечу йукъанна Соьлжа-ГIалахь Керлачу шеран салюташ кхуьйсур йац

Эскаран дIахIиттаршкахь бу кадыровхой, Соьлжа-ГIала, 2022-гIа шо

Керлачу шеран салют а, даздарийн концертан барам а хIоттор бац Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан бахьанаш Iедало ца дуьйцу, амма хьалхо кху шарахь республикан куьйгалло дихкира зуда йалоран баккхийра барамаш хIиттор, Украинехь Нохчийчуьра дуккха а эскархой кхалхарца доьзна дара и.

Кху Керлачу шарахь Соьлжа-ГIалин централан майданехь хIинццалц хуьлуш йолу концерт хир йац, иштта даздаршна лерина кечйийр йац Эсамбаев М. цIарх йолу бульвар а, йаздо пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло. Дайначу шарахь лелийна болчу гIирсах пайдаоьцур бу кечамаш беш, билгалдоккху цара.

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Украинехь дуккха а эшамаш хиларна республикехь официалехь доцуш дихкира даккхийра барамаш хIиттор. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцира регионера шина хьасто, цара билгалдаьккхира, официалехь тIедилларш дац оцу хьокъехь, "паччахьна лиъна иштта" бохучунна тIетовжу и сацам беш.

Украинера тIом болабелчхьана Кавказ.Реалиино Къилбаседа Кавказера кхалхар тIечIагIдинчу нехан тептар ду хIоттош. Карарчу хенахь йевза 1703 вийначун цIе, царах 154 Нохчийчоьнан бахархой бу. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала долу эшамаш официалехь дийциначул а масехазза дукха хила мега.

  • Лахьан-беттан 7-чу Iуьйранна ВСУ-н Коьртачу штабехь хаамбира, Лисичанскехь тохар дина аьлла – церан зерашца, 30 стаг вийна, лазийна 15 стаг. Ши де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина, церан д1ахьедарш "туьйранаш" ду олуш. "Ахмат" тобанан буьйранчас Алаудинов Аптис шен телеграмерчу каналехь бохура, "мостагIчо ма-дийццара" цигахь "оццул эскархой бац", тIаккха тIаьххьарчу деношкахь тобанна эшамаш хилла а бац.
  • ГIадужу-беттан 25-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу школан гIишлонна тIе тохар дарх лаьцна – шех "Нефтеполк" олучун штаб хиллера цигахь - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира. Х1етахь Кадыровс хилларг тIелецира – 23 вийна, 58 лазийна, царах чолхе чевнаш йина веа стаганна, аьлла дIахьедина цо.