"Вахархочун позици хилла ца Iа". Европера нохчийн диаспоран митингаш

Нохчийн мухIажарш Оьрсийчоьне дIабаларна дуьхьал Венехь хIоттийна митинг

Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана нохчийн диаспоран векалша дакъалоцу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал хIитточу акцешкахь. Ичкерин маршонехьа беш хилла къийсам кхин дIа а латтор ду и цхьаболчарна, вукхара дIахьедо репрессеш лелош хиларх. Тхан редакцино къамел дира Нохчийчуьра схьабевллачу жигархошца а, бахархошца а, хIокху доллу шерашкахь диаспора муха хийцайелла аьлла.

Украинхойн байракхашца хIитточу митингашкахь кест-кеста цхьаьна хаало Ичкерин байракхаш а. Пикетийн а, митингийн а декъашхоша Европан пачхьалкхашкахь ийдо Нохчийчохь адамашна тIехь къизалла латторах а, уьш хьийзорах а, царна тIаьхьабийларх а, критикийн гергарчарна Iаткъам барх а, ишта бертаза Украинана дуьхьал тIемаш бан дIахьийсорах а хеттарш И дерриг а охьадагардира бакъонашларйархочо Дунева Розас.

"ОБСЕ-н майданашкахь а, европахойн пачхьалкхийн парламенташкахь а, Европарламентехь а, дуьненайукъарчу форумашкахь а далхадо до оха тхайн гIуллакх. Оха дуьйцу, Оьрсийчоьно дIалаьцначу Нохчийчоьнан дозана тIехь адамийн бакъонаш ларйеш цахиларх", - кхетадо жигархочо.

Къаьсттина сингаттам латтабо, цо дийцарехь, Европехь бехачу мухIажарийн хьоло: "Уьш кхачам ма-ббу Iалашбеш бац, цо а бала бохьу цаьрга. Дублинан системин гурашкахь, и нах шайн мехкашкара арабахар, царна кхерам лаьтташехь- иза дуьненайукъарчу бакъонца догIуш дац".

Венера акци

Диаспорин дуьхьалонан акцеш адамийн бакъонаш ларъйарехь мехала дакъа ду боху нохчийн бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара. Цу кепарчу барамаша таро ло, бахархой лецна, лечкъийна, царна тIехь харцо лелийна гIуллакхаш нахаладаха, ткъа Нохчийчохь цунах лаьцна дийца йиш йац, хууш ма-хиллара, билгалдоккху цо. Цул сов, цара гӀо до низамаш дохорах лаьцна документашца дӀайаздан а, хаамийн гӀирсийн а, дуьненаюкъарчу организацешна а тидам тӀебахийта а, зе хиллачарна а, церан доьзалшна а гӀо-накъосталла дан а.

Янгулбаевс билгалдоккху, оцу акцеша политикан Iаткъам беш хилар: парламенташка дийларо, бакъоларйарна инстанцешка латкъамаш баро, акцешка дийларо цхьаболчу нохчийн мухIажарийн гIуллакхаш луьстучу заманчохь Iаткъам бийр бу, европахойн Iедалхой декхаре бийр бу тховкIело йоьху гIуллакхаш леррина листийта.

Оцу йукъанна нохчийн политико, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейра маьршачу халкъийн тобанан леррина векал волчу Сулейманов Джамбулата чIагIдо, цхьадолчу политикан эмиграцин декъана коьртаниг хилла дуьсуш хилар республикин деоккупацин хаттар.

Украинерчу а, Нохчийчохь хиллачу тIемашна а йукъахь хиллачу аналогех дерг дуккхаъчу нахана гуш ду

"Украинехь тIом болийначул тIаьхьа нохчийн политикан диаспорин дуккха а шансаш хилира дуьненна шаьш дIахазийта. Украинерчу а, Нохчийчохь хиллачу тIемашна а йукъахь хиллачу аналогех дерг дуккхаъчу нахана гуш ду", - билгалдоккху цо.

Дуккха а нохчий, боху Сулеймановс, сатийсамца хьоьжуш бу Украинан агӀор тӀом бечу Ичкерин дакъошка: "Эскаран лерам беш хилар мехала меттиг дӀалоцуш ду нохчийн йукъараллехь, ткъа нохчийн лаамхоша Оьрсийчоьнна дуьхьал беш болчу тӀамехь дакъалацар диаспоран маршонехьа кхидӀа а къийсам латторан билгало хилла дӀахӀоьттина".

Оцу йукъанна политикан эмиграцина йукъахь кхуьуш ду Iаткъам бечу центрийн а, "эмиграцехь долчу Iедалан" а вовшашна реза цахилар. Йуьхьанца дуккхаъчара тIеоьцура и маршонан идейш Iалашйан гIертар санна. Амма тIаьххьарчу шерашкахь дуккха а нах кхетта богIу, цунах чохьара девнаш дийлар хиллийла", - тIетуьйхира Сулеймановс.

Цу барт ца хиларан тӀаьхьенех цхьаъ хилла, аьлла хета политикна, Ичкерин ойланна гонаха тайп-тайпана политикан а, тӀеман а ницкъаш цхьаьнатоха беза бохучух лаьцна дийцарш.

Эмиграцехь а Iаткъамехь латтор

Соьлжа-ГӀаларчу кхело Ичкери "терроран организаци" йу аьлла билгалйаьккхинчул тӀаьхьа, дуьхьалонан акцешкахь дакъалацар кхин а лазаме хаттар хилла дӀахӀоьттира диаспорехь бехачу дуккхаъчарна. "Тахана нохчочо Европехь маьрша дуьхьалонан акцехь дакъалацар цуьнан шен, вахархочун позици хилла ца Iа. Дуккхаъчарна иза боккъал а кхерам бу -Нохчийчохь бехачу церан гергарчарна цунах хьовзам хилар", - боху Дунаевас.

Цо дийцарехь, тӀом болабелчхьана нохчийн жигархойн доьзалшна тӀеӀаткъамбар алсамбаьлла: даймахкахь беха церан гергарнаш хеттарш дан тIекхайкха мега, уьш кхеро тарло, "нагахь санна уьш Ичкерин байракха уллохь лаьтташ сурт гахь, йа Оьрсийчоьнна дуьхьал хIоттийначу акцихь гахь". И бахьана долуш шайн йаххьаш къайлайаха а, ларваларан некъаш лелон а хьийза декъашхой.

Шайх кхерар дац и- шайн гергарнаш ларбар ду

"Оха дехар до цаьрга, туьтмIаьжгаш тIейохка, суьрташ дIаса ма даржаде бохуш. Шайх кхерар дац и- шайн гергарнаш ларбар ду", - кхетадо Дунаевас.

Оцу тIехула шайн кхерам хиларх лаьцна дийцира тхан редакцица хиллачу къамелехь кхечара а. "Сан цIахь гергарнаш бу, сан хIусамнана а цIа йоьдуш-йогIуш йу, цундела царна хьовзам баккха ца лаьа суна", - бохура Норвегихь вехачу диаспоран цхьахволчу векало.

Дунаевас бахарехь, цхьаболчу нохчийн жигархоша шаьш лелочу политикан гIуллакха дуьхьа Нохчийчохь бехачу шайн гергарчу нахаца зIенаш хедийна. Делахь а, "хIора а ца хIутту и харжам бан".

Политика хиларал совнаха

Шаьш Европехь бехачу нохчаша дуьйцу, эмиграци шайна политикан гӀуллакх хилла ца Ӏа бохуш. Францехь вехачу Нохчийчуьра цхьаммо дийцарехь, уггар а хьалха цунна диаспора шен идентификалла Iалашйан а, гIортор хила а таро хилар ду.

"Цхьаволчунна шен мотт, культура Iалашбар, шен нахана йукъахь гIо-накъосталла хила таро хилар а ду и. Къаьсттина керлачу пачхьалкхехь ваха волалучу муьрехь. Ишта йукъараллашкахула атта хуьлу дуккхаъчу хIумана тIекхиа а, оьшу информаци карон а, нагахь оьшуш хьал хилахь, накъосталла кхача а", - бохура цо.

Тхоьца къамел динчу Норвегерчу кхечу мухIажаро тIетуьйхира, ша хьалха жигара дакъалоцуш вара эмигрантийн йукъараллин политикан дахарехь, амма хан-зама йаьлча цу гӀуллакхна йуьстахвелира ша: "Диаспоро баккъалла а доккха дакъа лоцу, къаьсттина вовшашна гIо-накъосталла эшначу заманчохь. Нагахь санна валар-висар нисделлехь, оцу доьзалан шайн стеган дакъа даймахка дIадахьа аьтто бацахь, наха ахчанаш вовшахтуху, гIо до иза цIа кхачош".

Бусулба нехан деза денош а, културан барамаш а, нохчийн къам махках даккхар дагалецамаш а буьсуш бу йукъараллин дахаран мехала дакъа хилла. Масех къамелдинчо билгалдаьккхира, эмиграцехь баккхийчарна а, кегийчарна йукъарчу башхаллех лаьцна.

"Баккхийчийн дакъа деха тIамо йитина хьу а дагахь, ткъа кегийнаш таханалера денца беха, керлачу пачхьалкхехь шайна дIатардала меттиг а лоьхуш", - бохура Францехь вехачу Нохчийчуьра махкахочо.

Норвегехь веха кхин цхьа мухIажар тешна ву, доккхачу декъана Европехь беха нохчийн кегирхой политикаца бала болуш цахиларх. Уьш дешарна а, болх барна а, Европерчу йукъараллехь интеграци йарна а алсам тидам тӀебохуьйтуш бу бохура цо.

Иштта ойла йу Австрерчу цхьана нохчийн историкан а: цуьнан хьесапца, баккхийчийн чкъураца дуьстича, кегийрхой кӀезиг бу политикехь дакъалоцуш. Цо иза дузу кху заманан тӀаьхье тайп-тайпана кхоллайаларца: "Баккхийчийн чкъор цӀахь кхиъна ду, шайн даймахкахь, ткъа керла чкъор кхиъна тайп-тайпанчу йукъараллин, экономикан, политикан хьелашкахь".

Оцу йукъанна историкна хетарехь, къоначу тIаьхьенан уьйр хила йеза нохчийн историца а, тIамен зеделлачуьнца а. "Цундела чIогIа мехала ду кегийчу нахаца тхешан историх лаьцна дийцар, къаьсттина кхузаманан историх", - дерзийра цо къамел.

  • Соьлжа-гIаларчу кхело "террорхойн организаци" лерина Ичкери. Оьрсийчохь Iедалхоша лоьцур бу Нохчийчоь йозуш йоцу республика хила луучаьрца муьлхха а уьйраш-зIенаш йолу нах. Тхоьца хиллачу къамелехь эксперташа кхетийра, Ичкерин дакъоша Украинан агIор тIемаш бан сацам хIун бахьана долуш хилира. Бакъонашларйархоша шайна догIучу декъана, сингаттамехь бу Къилбаседа Кавказехь нахана тIаьхьабелла йуха а мур болорна кхоьруш.
  • Венерчу немцойн векалтна хьалха митинг дӀайаьхьира дозанал арахьарчу нохчийн диаспораша, бакъо йоцуш Европера нохчийн мухӀажарш арабахарна дуьхьал. Митинг хIотторан бахьана дара Сербехь тховкӀело ца луш, 61 шо долу Нохчийчуьра вахархочунна депортаци йар.