Вайна цIано йохьуш цхьа а вогIур вац…

ТIаьхьарчу хенахь алсамбовлуш бу цIано езаш болу а, иза латтон лууш болу а нах. Ураме нехаш кхийсар, Iалам бехдар вуно ледара гIуллакх лору, масала, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь. Ткъа муха ду цу хьокъехь Нохчийчохь тахана лаьтташ долу хьал? ХIун дича дика хир дара цIано ларъяран гIуллакх керлачу тIегIантIе даккхар Iалашонца?

Your browser doesn’t support HTML5

Вайна цIано йохьуш цхьа а вогIур вац…

Ши-кхо шо хьалха дара иза. Сан накъост ваханера махкал арахьа бехачу нохчийн цхьаьнакхетарехь дакъалаца. Иштта, шайн баланаш-лазамаш буьйцуш Iаш болу нохчий хьебелча, кхача а кечбина, шаьш девлча хIума кхоллур-кх аша аьлла, дIабахана хиллера хьешан хIусамехь ресторанехь кхача кечбеш болу белхахой.

ШолагIчу дийнахь Iуьйранна, шайн кхеташоне вовшахкехтта нохчий а болуш, вистхуьулш волчуьнга бехк цабиллар а дехна, дош дехнера цигарчу ресторанан долахочо.

Тамашийна бакъахьа къам хилла шу. Кхузахь ша болх бечу 26 шарахь шайна тIаьхьара ур-аттала пхьегIа дIаяьккхина а, цIано йина дIабахана нах гина бацара шена аьлла цо. Вуно цецвуьйлуш баркаллаш а баьхна дIавахана хиллера и стаг, гулбеллачу нохчийн дегнаш дозаллах Iабор долу къамел а дина.

Ткъа нохчаша динарг хиллера иштта. Хан яьллачу хенахь шаьш хIума кхаьллина девлча, зударша, буху а севцна, массо а стол цIанйина пхьегIаш йилина гIуллакх дина хиллера ресторанехь.

Стаг оьзда лелар а, гонаха болчу нахана шех бала цабар а Нохчийчохь санна вуно чIогIа лоруш ду шира ламасташ долчу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь. Иза дац массо а цIена а, оьзда а лела бохург, амма Iедалша а, оьзда адамаша а юьхьарлаьцна дIахьош йолу политика иштта ю цигахь.

Цундела гIаланийн а, яртийн а урамаш цIена латтор а, некъа йистошкахь къепе латтор а, нехаш шен хеннахь гулъяр а, уьш дIаяхьар а чIогIа лардеш ду Малхбузенехь.

Дениева Асет 15-ттех шо ду Малхбузенехь ехаш йолу. Даиман а ша тидам беш дерг нехан лелар а, Европерчу гIаланашкахь цIаналла латтор а ду бохуш дуьйцу цо.

Дениева Асет: - Нах алсам цхьаьнакхетачу меттигашкахь, гIалин юккъехь а, туристаш лелачу меттигашкахь а охьакхуьссий нехаш а хуьлу. Амма жимма дехьаваьлча, адамаш деха хIусамаш йолчу меттигашкахь цIена хуьлу. Нехаш гулйечу меттигашкахь уллехь кхуссий нехаш хуьлу, амма уьш дIалахьош, дIайохуш лелаш нах бу. Шен хеннахь нехаш дIайохуш белхалой бу. Тесна дуьтуш дац и гIуллакх. Сатасале арабовлу белхалой цIано ян.

Вайна цIано йохьуш цхьа а вогIур воций хууш, кху тIаьхьарчу шерашкахь алсамдаьлла Нохчийчохь гIаланашкахь а, ярташкахь а цIано латторехь къахьегар. Иза билгалдоккху Соьлж-ГIалара яхархочо Адуева Дагмарас.

Адуева Дагмара: - ГIалахь нехаш гулъян хIиттийна леррина бакаш ю тхан. Жимма юьстахо ю уьш . Луьсташ нехаш дIакхисср дац кхузахь. Юург ша, бедар ша аьлла дац. Ерриг а цхьана бакана чукхуссуш ю. Сихха дIахьой яссайо уьш. Иза шен хеннахь деш ду кхузахь. Иза дика ду, вуьшта цхьаьнатухуш ю тхан уьш.​

Дуккха а вайн махкахойн хуьлуш ма-хиллара, эвлахь ков-керт ду Адуева Дагмарин доьзалан а. Цигахь долу гIуллакх а тоьар долуш ду бохуш дуьйцу цо.

Адуева Дагмара: - Эвлахь, оха, ара а дохий, чохь нехаш йолу тIоьрмигаш а, галеш а некъаца дIахIиттадо. Кхаарин дийнахь а, КIирандийнахь а дIахьош Iедал ду уьш. 250 сом бу цуьнан мах.

Нохчий даиман а хилла шайн ков-керт цIена хилийта лууш, амма тахана массеран а аьлча санна, кхетамах доьлла ала мегар ду, шен кертал арахьа а цIано латтон езаш хилар бохуш дуьйцу Адуева Дагмарас.

Адуева Дагмара: - Хьалха арахь кхиссина нехаш дукха хилар. Хьо машенахь воьдуш хилча хьалха шиша а, кехат а корех аракхуссуш Iедал дара. ХIинца иза дац. Нах даго цабуьту иза дан. Аренаш а, массо а меттигаш а цIена ю. Цхьа а кехатан цуьрг гур дац хьуна цигахь. Гобаьккхина цIена хилча хьо а вогIу оццу низаманна тIе. ХIинца арахь нехаш охьакхуьссуш Iедал дац.

Кхин цхьа хIума а ду. Иза ду цIано латторехь Iедалша а, бахархоша а цхьаьнакъахьега дезаш хилар. Цунах лаьцна иштта элира Дениева Асета.

Дениева Асет: - Цу гIуллакхан ши агIо ю. Цхьаъ адам ша оьзда хилар а, цIена лела лууш хилар а ду. ЦIано шен чохь лелочо арахь а лелайо иза. ШолагIа агIо ю Iедалша бан беза болх. Цара гIортор ян еза нахана уьш цIена лелийта. Оьшучохь нехаш чутосу тускар а, кхин болу гIирс а хIоттийна а, и тускарш шен хеннахь дассийна а. Нехаш гулъян алсам меттигаш хилийтича а дика хир дара.​

ЦIанон агIончаш дерриг а дуьнентIехь алсамбовлуш бу. Иза иштта хилар гойтуш дуккха а видеош каро аьтто бу интернетехь, масала, YouTube-хь.