Видео йоккхуш новкъарло йинчу полисхочун дуьхьал суьде ваьлла Дагестанера жигархо

Гасанов Джамбулат

Дагестанера бакъонашларъярхо Гасанов Джамбулат суьде ваьлла, кхушара Охан-беттан 20-хь ХIинжа-гIалахь пикет дIахьочу хенахь ша видеона тIе ца ваккхийтинчу полицин белхахочунна дуьхьал лехам (иск) айъина.

Гасановс дийцарехь, оцу пикетехь, карахь видео дIаязъеш телефон а йолуш,цо хаьттина хилла полицин белхахошка, хIун Iалашо йолуш шена тIедаьхкина шу аьлла. Гасанов боху, Джабраилов Гусейн цIе йолу полисхо катоьхна шегара телефон дIаяккха гIоьртира, видео ца яккхийта.

"Иза дIаса куьйгаш лесто волавелара, тилкхаза ваьллачуьнан лелар дара цуьнан, ша бакъо яллалц видео яккхар доьхка ша, бохуш вара иза", - билгалдаьккхина ду лехамехь.

КХИН А ХЬАЖА: Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь вийначу шина вешин дена 120 000 евро дала

Гасановс дийцарехь, низамо доьхкуш дац чоьхьарчу гIуллакхийн органийн Iедалхойн видео яккхар, ткъа полисхочо ца дийцира хьун бахьана долуш доьхку ша видео яккхар.

Лехам эцна кхеле валале хьалха Гасановс дехна хилла полице, шайн белхахочуьнан лелар хьокъехь таллам бар. Цигахь жоп делла (бинчу талламан жамI дуьйцуш кехат долуш ду (Кавказ.Реалиин редакцехь. – Ред.билг.) полисхочо низамца догIуш доцург ца лелийна аьлла. Талламан жамIехь боху, полисхчо дехар динера Гасановга комментари а яй социалан машанашкахь дIаса ма яржаяхьара яьккхина видео аьлла.

  • Охан-баттахь хилла пикет лерина яра Дагестанан Гергебилан кIоштахь лаьттачу боберийн хьелашна, прокуратуро меттигерчу 12 вахархочуьнгара берийн верасаш уьш хилар дIадаккха процесс йолорна.
  • Гасановн хьалха а хиллера конфликт полисхошца. Стохка бIаьста коронавирус яржарца самоизоляцин раж йохийна аьлла полицин декъе дIавигнера иза. ТIаьхьо Гасановс дийцира шена цигахь полисхочо еттарх лаьцна.