Шеран алапа дIа ца делла хьаькам - кхеле

Къилбаседа ХIирийчуьра тоннелаш йохучу компанин инарла директор кхеле озийна белхалошна шарахь гергга алапа ца даларна.

Алапа нахана дIадала торо йолллушехь, 2015-чу бIаьстенера 2016-чу шеран бIаьстене кхаччалц директоро нах кхьабна цара даьккхина 37 миллион сом дIа ца кхачош.

Алагиран къоштан талламан комитето кхеле делла 41 шо долчу хьаькаман дов.