ВорхI стаг велла, зенаш хилла 50 эзарна. Дагестанехь хи тIедаларан бахьанаш а, тIаьхьало а

Дагестанехь хиллачу токхамийн тIаьхье

Цхьана кIиранчохь шолгIа а даккхий догIанаш даьхкина хи тIедаьллера Дагестанехь. Мел лахара а ворхI стаг велла, зенаш хилларш бу 50 эзар сов. Хи тIедаьлча нисбеллачу токхамаша хIаллакдина бIенашкахь цIенош а, некъаш а, охьадогIу хи бехделлера, иттаннашкахь эзарнаш нах бисира ток йоцуш. Меттигерчу Iедалхоша чIагIонаш йо, хьал шайн тергонехь латтош ду шаьш бохуш, ткъа хиллачунна бехкебо бен-башха доцуш гIишлош йина нах а, и гIишлош хьалайан царна бакъо йелла хьаькамаш а. Ткъа хIун аьлла хета цунах лаьцна шайна, меттигерчу бахархошна - дуьйцу тхан сайтан материалехь.

Токхамаша зенаш дина нах

Зазадокху-беттан 28-чохь Дагестанехь даккхий зенаш хилира, хи тIедаьлла, махкахь гIад дайна хьал хIоттарх лаьцна дIахьедира мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Цо бахарехь, коммуналан белхахой, хи охьадоьду некъаш цIандан гIиртинехь а, "хенан хIоттамо хIоттийна сурт пессимисташа хир ду аьллачул а чIогIа дара". Цо кхайкхамбира меттигерчу бахархошка, цаторийла хилча бен дIаса ма довла, охьаIана кийча йолчу гIишлошна хьалха а ма латта, хи тIедаьллачу меттигашкахь ма гулло аьлла.

Чолхечу хьолан раж кхайкхийра ХIинжа-ГIалахь а, Хасавйуьртан кIоштахь а. Официалан хаамашца, 760 хIусам хи буха йахана, хIаллакхилла кхо эзар сов. 3338 стаг оцу бохам хиллачу меттигашкара кIелхьаравакха ницкъ кхечира, ток йоцуш йисира махкара 30 кIошт а, йукъ-кара йиъ гIала а. Шаьш зенаш хилларш ду аьлла, Iедале чу кхачийна 43 эзар стага кехаташ.

Зазадокху-бутт бовш хиллачу бохамах хьалха бовла а ца ларийра мохк, охан-беттан 4-чохь йуха а, кхин а чIогIа зенаш хуьлуш, хи тIе делира Дагестанехь.

Уггар чIогIа дала тоьхнарг дара Геджухан чIинг эккхар, 2006-чу шарахь кхераме йу бохуш, дIахьедира иза. Хинан тIегIа лакхара хилар бахьана долуш цигахь иккхинчу чIингехула охьа хьаьдира хиш нах бехачу йарташка а кхочуш. Къаьсттина даккхий зенаш хилла Мамедкала эвлахь, иза йу Дербентан кIоштана лахахь. Охан-беттан 5-чохь федералан "Кавказ" некъа тIера тIай дохийра токхамаша, масех машен дIа а такхош.

ТIаьхьо Iедалхоша дIахьедира машенаш чуьра йалх стаг велла аьлла: диъ бер а, зударий а, доьзалхочух йолу жима зуда а. Ницкъахоша масех бехкзуламан гIуллакх диллина ларамза адамна зенаш дар аьллачу Iедалан къепехула. Кхин а цхьа зуда йелира Кайтаган кIоштарчу Кирки эвлахь - цуьнан дакъа схьакарийра токхамо дохийначу цIа чохь.

ХIинжа-ГIалахь Газопроводная олучу урамера кхузза тIекIелдина, дуккха а петарш шена чохь йолу цIа охьадуьйжира, бахьана дара, бохура, цуьнан бух хино дIатакхор. Валар-висар доцуш дирзира цигахь.

И гIишло йухуш гинчу ХIинжа-ГIаларчу цхьана йахархочо дийцира меттигерчу ННТ телеканалана: "Сун гIовгIа хезира, корах ара хьаьжира со, оцу мIаьргнехь луларчу цIа чуьра наха маьхьарий деттара: "арадовла цу чуьра" бохуш. ТIаккха гира суна, тхан цIийнан бух текхаш, цул тIаьхьа чуьра аралилхира тхо. Ма къаьхьа де дара и, цхьанна а тайпа хIума хила луур дацара суна. Дитахьа тхо-м, могуш дара, тхоьца заьIапхой а ма бара, цомгаш бераш дара. Массо а кIелхьара дехира тхо амма даха меттиг йац тхан".

Айвазовскийн урамехь кхин цхьа цIа а тIекхийтира- кхерам лаьтта цигахь кхин а масех гIишлона, го бина царна.

Хьал чолхе даьккхина ишта санитаран кхерам латтаро а. Токхамаша бехдина молуш долу хиш а цхьаьна. Меттигерчу могушалла Iалашйаран министралло гепатит А хилахь а аьлла, мехий детта долийна, инфекци йаржарна кхоьруш. Уггар а хьалха вакцинаци йо кафешкахь а, ресторанашкахь а, туьканашкахь а белхаш бечу нахана а, канализацин машанийн белхалошна а, токхамашкахь белхаш бечу декъашхошна а, ханна хIусамаш йелла, дIатарбинчу нахана а.

Карабудахкентан кIоштара 50 сов стаг хIинцале а дарбанан цIийне кхачийнера чуьйрашца лазарш долуш. ОхьадогIучу хи чохь пхьегIаш йилина хиллера цара, токхамаша бехдина, пайденна дацара и. Дарбанан цIийне охьавиллинчу 27 стагана йукъахь 22 бер ду. Карарчу хенахь Дагестанан могушалла Iалашйаран министралло дехар до меттигерчу бахархошка кхехкина хи, йа шишанаш чуьра хи бен ма малахьара бохуш. Луларчу мехкашкара дIа ца ходуьйтуш, тIекхоьхьуш ду и.

Массо а хIума дIатакхийна!

ТIаьххьарчу хаамашца, йоллу республикера виъ эзар сов стаг кIелхьараваьккхина, дукхахберш кхераме йоцучу кIошташкахь беха шайн гергара нах болчу дIабахна. Царах дог лозучу наха арахь ца буьту уьш.

ХIинжа-ГIалара Пальмира цIе йолчу микрорайонера бахархой деа дийнахь-бусий ток йоцуш бисинера. Меттигерчу Барет цIе йолчу йоIа дийцарехь, доьалгIачу дийнахь аьтто хилира церан доьзалан мах белла гIали йуккъера чоь лаца, жимма тIехь цIано йан а, бедарш йитта а, телефонаш дIайуза а.

"Цул тIаьхьа догIа а сецира, ток а, хи а схьаделира, амма эрна дара тхан гIад дахар. Ши де даьлча догIа йуха а марсаделира, са ма тосура ток а, хи а дIадаьккхира. ХIинца йуха а петарш лаца дагахь, лоьхуш йу со. Дуккхаъчу нехан шелигаш чуьра Iаламат дукха жижиг телхинера. Цхьа делан къинхетам бара, оха совнах охьадилла жижиг ца эцнера. Тхан цIенна уллорчу туьканахь эца хи а дацара ур-атталла. Мобилан зIе а йацара, интеренет йацара. ХIара латкъамаш бан-м эхь ду суна: махкахь дуккха а нах тховкIело йоцуш бисина. Дог этIа-кх хIораза догIа мел догIу тхан кIоштара ток дайоккхуш. Тхо тIетасаделлачу "Приморская" подстанцихь, хи тIе мел долу, ток дIайолу. Дуьххьара дац вуьшта тхо ток йоцуш Iаш долу, тIаьххьарчу масех шарахь нислуш хIума ду хIара. Оцу ханчохь бух боьттина, подстанци хьала айбан йиш йара, тхан кIоштахь вехачу 35 эзар стаге бала а ца хьоьгуьйтуш", - дийцира токхамех зенаш хиллачу йахархочо. "Оьшуш йоцчу" организацех йукъадаьккхина низам бахьана долуш, оха цуьнан бакъйолу цIе ца йоккху.

Иза тешна йу, хӀинца хуьлуш дерг "кегари бина гIишлош хьалайарца" а, "Iаламна йукъагIортарца" а, иттанаш шерашкахь регионехь лелош йолчу коррупцин бахьанашца а ду аьлла.

КАМАЗ-аш тIехь схьаоьхучу, дог лозучу наха кIелхьарадаьхна тхо

Токхамаша гIишлош йохорна, и хIусамаш хьалайинарш а, царна низамехь доцуш уьш хьалайан бакъо йелла хьакамаш а бехке бу аьллачу куьйгалхочун Меликов Сергейн а йу изза ойла. Цо тIедожийна, и тайпа кехаташ делла бехкеберш схьакарабе, ишта цхьана хенахь белхаш бинчу хьаькамашлахь а лаха уьш, цул тIаьхьа жоьпалле а хIиттабе аьлла.

Дагестанера Дербентан кIоштара йахархочо латкъам бина, шен хIусам чу йухана, йаха йиш хир йуй, ца хаьа шена аьлла.

"Массо а хIума, бедарш, пхьегIаш дIатакхийна. Доллу цIа хотталахь ду, кораш дохийна. Хууш йац со, цу хIусамехь кхин Iен мегар ду йа дац. Тхешан хIусамна хьалха лаьттташ ду со а, сан хIусамда а, цхьаъ дан гIерташ, наха а гIо до тхуна. Бераш гергарчу нахана тIе тийсина. Делан къинхетам бу, тхо дерриш а могуш-дийна хилар", - бохура зудчо.

"Хецна охьадогIура хи, тхешан рицкъ кIелхьарадккха гIоьртира тхо, цунах гIуллакх ца хилча, тхаьш кIелхьарадовла гIоьртира. Доллу хIума хино дIадаьхьна, и йуха муха хIоттор ду, йа хьан хIоттор ду, со хууш йац", - куьйгаш дIасатуьйсу ХIинжа-ГIаларчу базарахь мах беш хиллачу зудчо.

Мила ву бехке?

Дагестанера жигархочо Алинас (цIе хийцина йу) бахарехь, республикера хьал Iаламат чолхе ду, цунна хетарехь, тоххарехь гIоьнна тIеман техника а, эскаран ницкъ а бара тIеозон безаш, токхамийн тIаьхьало дIайоккхуш: "Зазадокху-беттан 28-чохь, саццанза догIа охьаоьхучу хенахь, масех дийнахь хи лаьттира. И хи дIадахначул тIаьхьа хIусамаш чохь а, некъаш тIехь а стомма хотт а, саз а бисира. Оцу доллчух а меттигаш цIанйеш йу наха шайн куьйгашца а, ницкъашца а. Цу тIе кхин а волонтераш а, лоьрийн академира а, колледжера а дешархой а бу, цигахь 99 процент- зудабераш ду хьуна".

Цуьнан зерашца, адреналин тIехь а, шайн гIо дан лаамехь а болчу нехан ницкъаш тоаме бац, иштачу хьелашкахь къастийна цхьа координаци хила йеза, белхаш карабирзина алгоритмаш а хила йеза.

"Хьалхарчу деношкахь Эдал-Отар а, ЦIилитл а текхначу хенахь тхо кIелхьара дехира тхуна саготта болчу наха, КАМАЗ-аш тIехь Нохчийчуьра а, меттигерчу йарташкара а нах оьхура. Цхьа эзар, цхьа эзар ах эзар нах цара кIелхьара а бохуш, дIабуьгура шайн машенаш тIехь. Цул тIаьхьа хьайбанаш дIадуьгура", - дийцира жигархочо.

Токхамийн тIаьхье ца хилийта жимма аьтто бан мегар дара хьалххе, тешна йу тхан сайтаца къамелдинарг, масала, бохура цо, дамбаш чIагIеш, йа кхераме йолчу меттигашкахь дуьхьалонаш а кечйеш. Делахь а, бохура цо, коьрта бахьанаш кIоргенехь ду: хи дIадаха меттиг ца битар а, бен-башха доцуш гIишлош йогIар, оцу бахьанаша токхаман тIаьхье кхин а чIагIйо.

"Бердйистошкара охьахьаьдда хиш, и къаьхьа де дара, вуьшта кхечу деношкахь цхьа кегий татолаш хуьлу царах, амма уьш доьзна дара Каспийца, жим-жима цига дIахьаьдира хи. ТIаккха цхьа хан йаьлча и гIишло бахьана долуш, ца хаарна, нах хинан харш хийца буьйлабелира, тIаккха нисделла хIума ду хIара. Кхузахь са гатдийриг хIун ду аьлча, тIейогIучу хенахь цхьа кIезиг догIа дагIахь а, хIара санна тIаьхье хила кхерам бу-кх", - бохура Алинас.

Къаьсттина жигархо цецйаьккхинарг ду, цо дийцарехь, федералан Iедалхошкара цхьана а кепара терго, гIо кхочуш цахилар. Тхан мохк ша цхьаъ бисина-кх шен бохамца, бохура цо.

"Тхо тхаьш тхайга далург деш схьадогIу, вовшашна гIо а деш, кхин дIоггара доккха гIо тхайна оьшуш доцуш санна. Аса дуьйцург ахча дац, корматалла йолу нах буьйцу аса, ишта хьал тIехIоьттича дан дезарг хууш болу", - боху йоIа.

Шайна догIучунна Дагестанан Iедалхоша дIахьедо, шаьш латточу гIоьнах лаьцна: диъ эзар гергга кехаташ чуэцна дина зенаш меттахIитон, 43 эзар стага ахчанца гIо дехнера дуьххьара токхамаш хилча, ткъа шолгIа зенаш хилча – 15,5 эзар. Мелиаративан комплексана хилла зен 250 миллион соьмана ду аьлла лерина, зенаш хилла ишта йуьртабахамна а. Центробанкаца дийцарш долийна мехкан Iедалхоша кредиташ кху шарахь дIа ма дехахьара, проценташ тIе ца тухуш а дитахьара аьлла. Регионан куьйгалхочо дош делла: "Адамашна дIахаа деза, уьш шаьш буьтур боций шайн баланца".

  • Кху тIаьххьрачу 107 шарахь рекорде нисделла хи тIедалар ду хIара Дагестанехь, аьлла синоптикаша. Саццанза догIанаш ихира Нохчийчохь а, Дагестанехь а, дIахьаькхира урамаш, нехан хIусамаш а хи буха а йоьлхуш, хIаллакйира дахарна оьшуш мел йолу инфраструктура. Мел бехк бара кхузахь Iаламан, Iедалхойн ледарлона хIун дара, къастийра Кавказ.Реалиин материалехь.
  • Токхамаш хиллачу йукъанна лаьцна ЖКХ урхаллин хилла куьйгалхо а, коьрта говзанча а. Царна бехкедиллина догIа дIадахийта канализаци йан хьажийна хилла ахча шайн кисана диллар. Йуьйцург йу 2022-чу шарахь 417 миллион соьмана йина хилла контракт, хаамбина Дагестанан кхелахойн пресс-гIуллакххоша. Талламан версица, хьаькамаш а, и болх тIелаьцначун коьрта директор а бертахь хилла, цара харц кехаташ хIиттош хилла шаьш бинчу балхах лаьцна. Цара шаьш кхочушбина а аьлла, амма банза бисинчу белхан мах хилла 40 миллион сом. Кировн кIоштан кхело шина баттана СИЗО-хь вуьтуш ву ший а.