Кхаьънаш оьцучу нахана дага ца догIуш хIума дац Оьрсийчохь

Iамеркан долларш, Маршо Радион архивера сурт.

2016-чу шарахь коррупцин дайш оьцучу ахчанан барам хьалабаьлла 75%. ХIинца иза бу 328 000 сом.

Your browser doesn’t support HTML5

Кхаьънаш оьцучу нахана дага ца догIуш хIума дац Оьрсийчохь

Цунах лаьцна «Коммерсант» газетана интервью луш хаам бина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн экономикан кхерамазаллехула а, коррупцина дуьхьало ярехула а йолчу урхаллан куьйгалхочо инарло Курносенко Андрейс, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Хаьлха Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бора, 2015-чу шарахь лучу кхаъан юккъера барам 188 000 сом бу бохуш. Амма Курносенкос дийцарехь, дукхачу хьолахь кхаьънаш луш лелочу ахчан барам дуккха а лакхара хуьлу. Масала, дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран урхаллан куьйгалхочо кхаъ эцнера 2 600 000 сом барамехь, бохуш вара Курносенко.

Инарло бинчу хаамца, тIаьхьарчу цхьана шарахь цо куьйгалла дечу урхалло коррупци лелийна аьлла лецначу Iедалхойн терахь 21% алсам даьлла. Цу наха Iедална зе дина 43 миллиард сом.

Курносенкос дийцарехь, коррупцин схемаш даима а хийцалуш ю. Зуламхоша сих-сиха пайда оьцу офшорех а, кхолагIа стаг юкъаозийна кхоьллинчу яккхийн компанех дIатоьхначу фирмех а, мах дIалочу электронан системех а иштта дIа кхин а.

Цу кепара кхаьънаш даларна тоьшалла каро чIогIа хала хуьлу, бохуш вара инарла.

Зазадоккху-беттан юьххьехь Навальный Алексейс куьйгалла дечу Коррупцица къийсам латторан Фондо зорбане баьккхира Оьрсийчоьнан премьер-министран Медведев Дмитрийн бахамах лаьцна шаьш бина таллам, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Навальныйс бехке вина Оьрсийчоьнан Iедалан да «дуккха а тIегIанаш долу коррупцин схема» кхолларна. Цу схемина бухахь ю боху Навальныйс, Медведевс хIиттийна болчу наха урхалла деш йолу гIо-накъосталлан фондаш.

Я Медведевс а, я цуьнан векалша а комментари ца йина цунна. И бахьана долуш, Навальныйс кхайкхам бина шен агIончашка Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь ерриг а Оьрсийчохь дуьхьалонан акцеш дIахьо аьлла.