Iамеркин президентан харжамаш Вашинтгтонерчу нохчочуьнан бIаьргашца

Iамерка -- Клинтон ХIиллари (аьрроагIор), Трамп Доналд (аьттоагIор).

Демократин партин цIарах Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалаца шена оьшуш долу делегатийн кхаьжнаш гулдина яьлла Шинарийн буса Клинтон ХIиллари. Республикан партин цIарах кандидат хIоьттира Трамп Доналд масийтта кIира хьалха. Цу кепара, гарехь, и шиъ хир ду кху шарахь Лахьан-беттан 8-чу дийнахь хир болчу Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалоцуш.

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь президентан харжамаш масоззу хуьлу дерриг а дуьнентIехь бехачу нехан тидам хуьлу царна тIебахийтина. ХIун ду цуьнан бахьана? И хаттар делира ас Iамеркехь Вашингтонерчу дипломатийн институтан хьехархо волчу Межедов СаьIиде.

Межидов СаьIид: "Iамерка таханлерчу дийнахь уггаре а экономикан хьал долу пачхьалкх ю, цкъа делахь. ШолагIа. Советан пачхьалкхана - цIе зуламна - дуьхьал лаьттина пачхьакх ю Iамерка. Цу хенахь дуьйна дIахIоьттина ду вочу хIуманах дуьне лардан Iамерка жоьпаллехь хетар. Дуьне лардан церан алсам аьттонаш бу, хIунда аьлча церан эскар кху дуьнентIехь уггаре а доккха а, ницкъ болуш а ду".​

Гарехь, кху шеран гурахь Iамеркехь хир болчу харжамашкахь дакъалаца мега Клинтон ХIилларис а, Трамп Доналда а. Амма цхьаболчу зорбанан гIирсаша дуьйцучуьнга ладоьгIча, сурт кхоллало, нагахь демократ йолу Клинтон ца харжахь, Iамеркин вуно сингаттаме кхане хила мега аьлла. Оццул президент хила хьакъ доцуш ву-те Трамп?

Межидов СаьIид: "Жириновскийс санна дIахьедарш до цо. Масала, бусулба нах Iамерке чубуьтур бац ша, низамехь боцу мексикахой арабохур бу ша бохуш. Зударех лаьцна а цхьацца хIума олу цо, царна товш доцу.

Трамп президентан харжамашкахь оццул гена валар бахьана ду -- Обама Барак. Обама дукха тIех либералан политик ву. Цо ша кхочуш дийр ду аьлларг буьззинчу барамехь кхочуш цадина, борша стагана борша стаг маре вига бакъо ялар доцург.

Трамп Обамина нисса бIостанехьа волу политик ву. Царшина цхьаьнодогIург ду и шиъ хьалха политикашна юкъахь лелла цахилар. Либерало ца динарг консерваторо дийр ду аьлла хеташ бу харжамхой.

Суна хетарехь, Трамп Iовдал хиллехь миллионаш ахча даккхалур дацара цуьнга. Бусулба нахах лаьцна дина дIахьедар шена пайденехьа хир дуй а хууш дина цо, хIунда аьлча Iамеркехь болу нах оьгIаз бахана бу шайн махкахь бусулба наха лелхийтарш дар бахьана долуш.

Суна Трамп бусулба нахана дуьхьал ву аьлла цахета. Iамеркехь вехаш сан вешийн кIант ву. Иза Трампан голфан клубехь болх беш вара. Трампа даиман а хьал-де хоттуш хIума леладора цуьнца, шай-кай а лора совгIатана, иза нохчо а, бусулба сатаг а вуй хууш а долуш лелдора цо цуьнца гIиллакх."​

Ткъа муха юкъаметтигаш лело дагахь ду Трамп а, Клинтон а Оьрсийчоьнца, нагахь президентан гIант дIалацахь.

Межидов СаьIид: "Трампа Путин чIогIа ницкъ болу лидер ву аьллера. Амма тIаьххьара шен интервьюхь цо элира, ша аьлларг Путинца гергарло лехар дац аьлла. Ша цуьнан некъ къобул цабо элира Трампа. Керла президент хIоьттича, иза милла хилахь а, иза гIоьртар ву Оьрсийчоьнца юкъаметигаш дIанисъян.

Оьрсийчоьнах йоьзна дуьненан кхерамазалла ю. Буьзна болчу Iамеркахошна хIара дуьне эккхийта а, дохийта а цалаьа. Амма, суна хетарехь, Путина ша тахана дIахьош йолу политика хьалхатеттахь, Трамп цунна чIогIа дуьхьал вера ву.

Клинтон ХIиллари интеллектуал ю. Цуьнан го а бу иштта. Уьш дуккха къеда хир бу аьлла хета суна. Амма Путин президент мел ву Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш толур ю аьлла цахета суна".

Хьуна бевза нохчийн Iамеркахой муха ойланаш йолуш бу. Хьаьнгахьа кхаж таса дагахь бу уьш?

Межидов СаьIид: Дукхах болу суна бевзаш болу нохчий Клинтон ХIилларе дог-ойла йолуш бу, хIунда аьлча бусулба нахана дуьхьал цхьа а дIахьедар цадина цо. Трампа динчу дIахьедарша нохчий мелла а ларлуш хьоьжуьйту шайга.

Цундела нохчаша Клинтонехьа кхаж таса мега. Амма бизнес лелочу нохчаша Трампехьа кхаж тосур бу. Трамп тидам экномикана тIебахийта беза аьлла хеташ ву. Таро йолуш а, бизнес лелош а вайн нах бу Iамеркехь. Церан деган йовхо Трампаца ю.​

Iамеркехь хир болчу президентан харжамех лаьцна дийцинарг вара Вашингтонерчу дипломатийн институтан хьехархо Межедов СаьIид.