Нохчийн амалшкахь даиман а хилла аьлла хета шуна де хилча шаьш мегар цахилар гойту муьлхха а къомехь товш доцу хIуманаш лелор, я уьш тIаьхьарчу хенахь гучудевлла гIиллакхаш ду аьлла дара оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.
Цунна жоп луш Данабаев Мусас а, Тасаев Илеса а, Бакаев Рахьмана о иштта дуьйцира.
Your browser doesn’t support HTML5
Тахана нохчаша лелочу гIиллакхашна реза бац Маршо Радион талламехь дакъалаьцна вайнах
Кху хаттарца боьзна интерактиван таллам бу оха дIахош кху сайт тIехь. ХIоттийна хаттар ишта ду: Реза дуй шу тахана нохчаша вовшашца лелочу гI иллакхашна?