ДаIишо шел тIаьхьа дитнарг

Иракъера салти Мосулехь Iожалхочунна кечйина машенах бIаьрг бетташ лаьтташ ву. Кху тайпа гIагI диллина машенаш йоьттина хуьлу лелхачу хIуманех. Уьш нийсса коалицин позицешка чухехкича, уьш сацо чIогIа хала хуьлу.

Иракъера салтичо ДаIишан тIемалоша йийсархой байа лерина шена карийна тур гойту.

Иракъерчу Фалужехь ДаIишера схьаяьккхинчу герз ден меттигехь лаьтта Иракъан эскархо. Рейтерсан рапорташца, хIара тайпа герз дина ДаIишо Iуналладечу латтанашкахь тIеэцна стандарташ лар а йеш.  

Иракъан эскаро маьршаяьккхинчу къилбаседарчу гIалахь ДаIишо куьйга йина мина ю хIара. Рейтеро хаамбарехь, ДаIишан ницкъаша цхьана меттехь ен минаш нисйина хуьлу кхечу меттехь ечу минаш кхуьссу биргIийн барамца йогIуш.

ДаIишан тIемалоша юхабовлуш охьакхоьссина дитина радиохула урхалла ден кеманаш дахьаш ву Иракъан салти. Жима а долуш, туькнашкахь эца йиш йолу кеманаш лелхачу хIуманех дуьзина хуьлу, коалицин ницкъашна хIаваан тохарш дан. 

Iамеркан леринчу операцийн ницкъаша гойту туькнахь эца йиш йолу Skywalker X8 дрон. Кхунах тера дрон дара 2017-чу шеран дечкен-баттахь коалицин ницкъашна тIелатар дечу пропагандан видео филмехь гайтинарг.  Washington Post газето дийцарехь, цу дроно де тохарш инзаре нийса хуьлу.

ДаIишан тIемалоша Иракъерчу Фаллужа гIаларчу школехь шайл тIаьхьа битина лелха коьчалш.

Иракъехь а, Шемахь а ДаIишан тIемалоша лелочу Iаьржачу байракхана тIехволуш ву Иракъан эскархо. Байракхана тIехь яздина ду Шахада.

Шемарчу эскаро суьрташ даьхна ДаIишо Хомс йуьтучу хенахь шайл тIаьхьайитинчу куьйга йинчу лелхачу коьчалшна.

Аллепона герга йолчу Шемарчу Ал-Райехь ДаIишан тIемлоша пайдаэцна хилла урхаллин гIишло.

Къоръан айаташ тIехь а долуш у ду ширачу Палмирехь. 2016-чу шарахь Шеман а, Оьрсийчоьнан а эскарша схьаяьккхира и гIала ДаIишера, амма цу тобано 2016-чу шеран гIуран-баттахь шайн Iуналле юхаерзийра и. Цу гIалара дуккха а махбоцу хIолламаш хIинца хIаллакдина ДаIишо.

Иракъан кхерамзаллин ницкъийн белхахо ву Мосул герга тIом болчу хенахь ДаIишо пайдаоьцуш хилла туннел уллохь лаьтташ. Дуккха а ДаIишан карахь йолчу гIалашкахь ю и тайпа туннелаш. ТIемалой цхьана меттехь къайлбевлча, кхечу меттехь церан гучубовлу аьтто бо цу туннелаша.  

ДаIишан тIемалоша Иракъерчу Мосулехь зударийн набахте санна лелийнчу хIусамехь юргIанаш а, тIехула эчиг а тоьхна, хьулдина кораш а.

Шемарчу гIаттамхоша дийцарехь, кху набахте чохь гуш йолу гIоьмех пайдаоьцура ДаIишан тIемалоша Аллепон кIоштарчу Манбиж гIалахь йолчу набахтехь. 

Манбиж гIаларчу набахтехь кхобучу йийсархошна бIаьргех йухкурш

Фаллужан уллохь ДаIишигара схьадаьккхина герз, Иракъ.