ДаIишхой чохь кхобу набахти

AFP агенталло тоьшалла дарехь, эл-Хасаки гIаларчу набахтехь ву 5 эзар гергга даIишхо.

Лецначаралахь бу кегийрхой а, гIеметтахIиттина нах а, къаной а. Серло ца гойтуш, чохь бахкош бу уьш.

Маьнгеш дац набахтехь. Лаьтта буьйшу тутмакхаш.

Шайн чоьнел арахь хIун ду ца хаьа царна. Ламазаш дан магадо чохь бохкучарна.

Дукха бу тутмакхашлахь чевнаш хилла нах.

Тутмакхех дукхахболучарна лаьа шайн-шайн мехкашка дIабаха. Амма Малхбузе сиха яц ДАIИШ-ан могIаршкахь лелла шайн нах цIабита.

Шемин къилбаседа-малхбалехь ю хIара набахти. ДАIИШ-о массийтта шарахь шен карахь кхебира Шемин а, Иракъан а яккхий территореш. Дуьненаюкъарчу коалицино дIабаьхна цуьнгара мехкаш.

Набахтина тIехьовсучара дийцарехь, тутмакхаш маситтаза а гIиртина гIаттам баккха.

Хадеш болу тIемалой кхоьру тутмакхаш малхе бийлийта. Цхьана хехочо элира, «чIогIа кхераме бу и нах».

AFP агенталлерчу информацица, набахтерчу тутмакхашлахь дуккха а бу Юккъерчу Азера нах.