Дуьненан Хьалхара ТIом: фронтера косташ
Бис Ярослава цхьана пошт-картин агIо. Дукхах долу кехаташ шен зудчуьнга, ХIеленега, дахьийтинера цо. Чиллан-бутт, 1915.
"Кхузахь сан дог хьоьгахьа болчу безамо хьегош ду. Цзьа де догIург хир ду-кх, вайша юха а вовшахкхеташ."
"Тхуна тIе гранаташ ю кхуьссуш кхузахь!" Яздо Биса, тхов тIехь даьндаргаш кхетта меттигаш билгал а йохуш. Бухахь яздо: "Сайна ма-гарра, диллина ас сурт."
"Сан хьомениг! Со хьалха ма-варра ву. Ший а гIутакх схьакхечира соьга. Даггара баркалла боху ас хьоьга."
"Тхан доттагIий баьхкина юха а. Церан декаро дагана там бо!"
"Сан хьомсара хIусам-нана, сан доккха маршалла доуьйту ас хьоьга а, берашка а! Со могуш ву хIинца а."
"Дийцал, сийна зезаг, сан езаран даг чохь вуй со хIинца а. Дийцал, цIен зезаг, сан цIа ваха йиш юй хIинца."
"Эзара оба доуьйту хьуна а, берашна а. Стигалкъекъа-беттан 31, 1915."
"Хьан тешаме, хьо езаш волу Ярослав!"