“Яблоко-с” Нохчийчохь "Новая Газета-н" артиклехь яздинарг талла боху

Нохчийчуьра полици

Новосибирскера “Яблоко-н” декъо кху беттан 2-чу дийнахь “Новая Газета-н” артиклехь Нохчийчохь Iедало гейш бойу боху яздинарг талла деза боху. Цул сов, “Яблоко-н” декъашхоша талла боху Кадыров Рамзанан пресс-секретаран Керимов Алвин а, Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочун Саратова Хедан дIахьедарш.

Яблоко-с дийцарехь цу шимма геех дина дIахьедарш гомофоби йолуш лара мегар ду.