Йуккъерчу барамал а жимма сов алапа оьцу нах ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а бу

ГIалгIайчоь, Магас. Архивера сурт

Йуккъерчу барамал а жимма сов долуш алапа оьцучу нахах Оьрсийчоьнан регионашлахь хIоттийначу рейиингехь тIаьхьа йу ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а. Ишта тептарехь нисйелла ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан, ГIалмакхойчоь, Кхарачой-Чергазийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а.

Росстатан зераш тIехь таламаш бина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталло. Рейтинган бухахь – регионалан йуккъерчу алапех гайтамаш бу. Кху шеран охан-беттан лараршца, и гайтам бу "РИА Рейтинго" схьаэцнарг, ГIалгIайчохь йуккъера алапа ду 47,6 эзар сом, Нохчийчохь – 50,1 эзар. Оцу гайтамел а лакхара алапа оьцурш шина а махкахь мел лахара а 6% бахархой бу, йуккъерчу шина алапал а лакхара оьцурш-мел дукха а 1 процент бу.

Охан-баттахь йуккъера алапан барам 54,4 эзар сом хиллачу ГIебарта-Балкхаройчохь даккхий алапаш оьцурш бу - 8 процент гергга. Дагестанехь 8,6 процент бахархоша оьцу 53 эзар сом.

ГIад дайначу итт регионна йукъахь йу ГIалмакхойчоь а, цигахь йуккъера алапа 62,1 эзар сом ду, цул сов пайда тIебогIурш бу 9 процент бахархой.

Кхарачой Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а 11 процентал а жимма лакхара ду терахь. Йуккъера алапа ду цигахь 56,3 а, 56,2 эзар сом а.

  • Дагестано тIаьххьара меттиг дIалоцу Оьрсийчохь пенсин йуккъерчу барамехь хиларца. Тептаран чакхенехь йу ишта ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь, ГIалмакхойчоь. Дагестанехь йуккъерчу барамехь оьцу наха пенси 19,3 эзар сом, ГIебарта-Балкхаройчоь- 19,5, ГIалгIайчохь- 20, 2, ГIалмакхойчохь – 21,8.
  • Цхьана стагана тIебогIу пайда Оьрсийчохь уггар а лахара бу аьлла, билгалйаьлла Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара йиъ регион. Тиша хьал ду-ГIалгIайчохь, цигара гайтам бу- баттахь 24,7 эзар сом. Йоллу пачхьалкхера хьал тидаме эцча, и терахь кхозза гергга лахара бу, рейтинган лидерехь, Чукотскан автономин гонашка хьаьжча.