Юсупов Iилман. Яздехьа...

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов Iилман. Яздехьа...

Юсупов Iилман

ЯЗДЕХЬА...

БIаьстенан сурт дуьллуш кехатан есачу майданахь,

Гайтахьа сан дагна сийна бай тIеболу хан.

Со ирсе хир ву-кха, сацам бахь сатийсар дайдан ахь,

Цхьа ши-кхо могIа а язбина, сатедахь сан.

Яздехьа IиндагIех - ловзучех къегинчу малхаца -

Дитта тIехь кхозучу, шех хилла човканан бен.

Яздехьа баттах а, Iаш болчу даточу аьлханца

Седарчий ир а деш, дIатоьттуш боданан пен…

Сан иллин мукъамехь тосалахь безаман цIе хьайна,

Яздехьа, алий а, хьуо цуьнах цецъяьлла Iа…

Яздехьа, кIайн догIа Iуьйкъанна тIедарах цIеххьана,

Iуьйре тIе ма-кхаьччи, и терах лаций а дIа.

БIаьстенан некъаш тIе ехкинчу керлачу ченашлахь

Сан лараш кхин ца гарх лаций а яздехьа соь.

Дийцахьа, мутт кхуьуш аренан ялтанийн кенашлахь,

Къежбелла сингаттам Iаламах дIа муха оь…

Дуьххьара къевкъинчу стигалан стешхачу йовхаран

Шеконах лаций а ца яздеш ма Iехьа кхин…

Элпаш а ца кхоош – буьртигаш Iаьржачу жовхIаран -

Соь кехат яздехьа, схьакхочур дацахь а и…

2005