ЖилIаламан министраллин цIарах мидал йелла Кадыровна

Патрушев Дмитрий а, Кадыров Рамзан а.

Нохчийчоьнан урхалхочунна мидал йелла Оьрсийчоьнан жилIаламан а, экологин а министралло "гIо-накъосталла дарна" аьлла. Москвано мехкан куьйгалхочун хIун гIуллакхаш ду дуьйцурш, билгалдаьккхина дац.

Шеца совгIат дохьуш Нохчийчу веанера вице-премьер Патрушев Дмитрий, иза ву йуьртабахаман а, агроиндустрин комплексан а, экологин а куратор.

Шен къамелехь цо дIахьедира, Iалам лардарехь Кадыров дукха лерина лелаш хилар. Масална хьахийра Патрушевс йахначу бIаьста Къилбаседа Кавказехь токхамаш хиллачул тIаьхьа хийистошкахь чIагIонаш йар а, даххаш йухакечдаран комплекс йар а.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 50 шо кхачарна лерина 2026-чу шеран гIадужу-баттахь цунна совгIат дира инарлин лаккхарчу даржаца, йелира боьмаша берет а, Оьрсийн православин килсан а, Оьрсийчуьра бусалба нехан гуламан цIарах орденаш а. ГIадужу-беттан 5-чохь цуьнан вина де нисделира гезгамашин-баттахь хиллачу харжамашкахь толам баьккхина, оцу куьйгаллехь чIагIваларца. Тхан редакцино къастийра, стенна дина и совгIаташ, махкарчу бахархоша керстан дино совгIаташ далар тIе муха ийцира а.
  • 2026-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров Рамзанна "Iилма кхиорехь доккха дакъалацарна" аьлла мидал йелира Нохчийчоьнан академин президенто Умаров Джамбулата. Хьалхо цо къобалдира ЛГБТК+ адамашна КъорIан а доьшуш, "дарба" дар, официалехь йукъадаккха деза бохура Оьрсийчохь бехкалабахначаьрга гечдар дехийтар, цунна "халкъан йаздархо" аьлла, цIе йелира, Кадыровх лаьцна масех книга арахецарна.