Дуьненчохь уггаре а вевзачех шина дизайнеро Долчес, Габбанас шайн тIаьхьарчу коллекцехь гайтина бусалбачу зударийн духарш.
Варшавехь пачхьалкхан урхалле „Бакъо а, нийсо а“ цIе йолу консервативан парти еъча дуьйна схьа чолхечу хьелашка йирзина Евробертан а, Полшин а юкъаметтигаш.
Германерчу Келнехь Керла шо даздан арабевллачу нахана Малхбалерчу мигранташа дина талорш уггаре хьалха баледевлла шайна мухIажиршна
Шинарин Iуьйранна Истамбулан коьртачу майданахь динчу эккхийтарехь велла 10 стаг, чевнаш йина 15.
Керла шо даздечу буьйсанна Германехь. мигрантийн тобанаша лелийначу къепедацаршна гуонах скандал кхин дIа а яьржаш ю
Керла шо даздечу буса Коьлнехь сакъера арабевллачу нахаца, къаьстина зударшца, маьттазлонаш а лелийнера бIеннашкахь вовшахкхеттачу мигранташа. Цу хиламо яьккхина гIовгIа цатийна хIинца а. Азимова Сийлахас дуьйцу.
Керла шо даздечу буьйсанна немцойн Коьлн гIалахь эзар гергга стаг тобане вовшахкхетта хилла, талорш леладан. Керла шо даздечу буса Германерчу Коьлн гIалахь хилла къепедацарш масех де даьлчий бен гIар ца девлла. Мелхо а, цу шозлагIчу дийнахь Коьлнерчу полицин куьйгалхочуо Алберс Вольфганга Керла шо даздар вуно машаре а, къепе а чекхдаьлла аьлла дIахьедар динера меттигерчу хаамийн гIирсашка.
Беттанашкахь дахделла мехкадаьттин мехаш лахдовлар кхаари сарахь а, еари дийнахь а рогIерчу рекорде кхаьчна – тоьллачух Брент цIе йолчу мехкадаьттин чермин мах кху сохьтехь 33 долларе ца кхочу. Брентал кхачамна мелла а оьшуш, я механа дорахох хуьлуш долу мехкадаьттийн тайпанех кхин а кIезгох доьху.
Дахначу шеран жамIаш дечу хенахь карладолу мел хилла дика а, вон а...
Керлачу Шарна - ширачух лаьцна бегаш.
Керла шо а, бусалбанаш а.
ПIаьнказара Абу Iумар аш-Шишани (Батирашвили Тархан) ДАIИШ тобанехь лаккхара ларамболу тIеман баьчча ву. Масийтаза иза вийна аьлла хабар даьржира стохка а, кхушара а, амма хIораза а дийна гучуволура иза. ХIинца Iамеркахойн леринчу тIеман тобано иза йийсаре вина боху хаам баьржина.
Германерчу Оберхаузенехь нохчийн меттан ишкол схьайиллина.
Ходорковский Михаила Британехь политикан тховкIело еха мега.
Мехкадаьттан мах охьа мел болу лахло Малхбузехь бензинан а, дизелан а мехаш, ткъа Оьрсийчохь мехкадаьтта дай мел ло а, машенаша ягориг язло.
ТIаьхьарчу беттанашкахь футболан дуьненахь коррупцин скандал иккхина
Дуьненаюкъарчу къаьмнаша билгалдаьккхира хIора а шарахь санна адамашна юккъехь солидараллин де. Къаьстина тIаьхьарчу хенахь, дуьненчохь цкъа а ца хиллачу кепара дукха тIемаш а, и бахьана долуш дукха мухIажарш а баржаро мехал до адамаш вовшашца солидаралле хилар.
Спортехь рогIера кхиамаш баьхна Австрерачу къоначу нохчийн латархоша. Нагахь санна цхьана хIуманна тIехь Европехь хьалакхуьуш долу нохчийн бераш кхиаме делахь, иза спорт ю. Къаьстина, латаршкахь.
Масех кIира хьалха Брюссехь дIаяхьанчу Евробертан, Туркойчоьнан саммитехь тIеэцнера цу шина агIонна шинна а вуно санехь лара мегар долу барт.
Террорхойн кхерамах ларбалархьама а, мухIажарийн терахь лахдархьама а Евробертан арахьара дозанаш лардар алсамдаккха деза аьлла хета Еврокомиссин векалшна.
Хьажа кхин дIа а