ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхох лаьцна

Маршо Радиох лаьцна

Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Radio Free Europe/Radio Liberty) ю кеп-кепарчу платформашца Малхбалерчу, Юккъерчу, Къилба-Малхбалерчу Европан а, Кавказерчу а, Юккъерчу, Къилберчу Азин а 23 махкарчу аудиторина 27 маттахь информаци дIасакхачош йолу коммерцехь йоцу медиакорпораци.

Шакъаьстина еха гранташъэцархо йолчу тхан корпорацина финансаш латтайо Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо дозанал арахьарчу Американ эфирашна тIехьожучу Глобалан медиа хьукматийн агенталлехула (USAGM). Американ официалан, Iедалан, партийн векалшна, шайлахь USAGM-н куьйгалхой а болуш, дихкина ду редакцин политикана юкъагIерта.

Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (RFE/RL) корпорацин коьрта мисси ю демократин мехаллаш а, институташ а дIасаяржор а, маьршачу прессин болх бихкина йолчу, я цуьнан белхан амал чIагIъялаза йолчу пачхьалкхашкахь маьрша информаци дIасакхачорца адамийн бакъонаш Iалашъяр а.

Радио Маьрша Европа/Радио Свобода корпорацин журналисташа шен аудиторига дIакхачадо цуьнга шен махкахь, меттигерчу хаамийн гIирсашкахула кхача таройоцург: цензурех мукъа керланаш а, маьрша дискусси а. Радио Маьрша Европа/Радио Свобода гуттара а гIерта бакъдолчунна тIехь лаьттачу журналистикан стандарташца яха, шена ечу новкъарлонех а, корпорацин редакцин политиканна бан гIерташ нислучу тIеIаткъамех а ларлуш.

XS
SM
MD
LG