Узбекиcтанан коьртачу прокуратуро довзийтина цу мехкан хьалхара президент хиллачу Каримов Исламан йоIан Каримова Гулнарина дуьхьал Iедалша долийначу бехктакхаман гIуллакхан чулацам.
Урдунан а, Иракъан а ЦIен Беттасин хьукматаш, Урдунан парламентан депутат Бено Тамир, нохчийн юкъараллан лидер Бено Самихь схьагулдеш бу йохийначу Мосулехь буодисина нохчийн бераш. Уьш шаьш кестта Нохчийчуьрчу церан гергарчех дIатохаре догдоху цара.
Кхечу пачхьалкхе воьду дуьххьара нохчочунна делла паспорт. Цуьнан да ву 1901-чу шарахь шен доьзалца даймахках ваьлла Урдуне дIавахна Османов Байтолоу. Тахана Байтолоун тIаьхьено боккхачу безамца лардеш ду шайн деден паспорт. Эрсно Казбек хилира Урдунехь церан доьзалехь.
Урдунехь нохчаша дуььххьара ехкинчу яртех цхьан хан яьлча шахьараш хилла. Масала Заркъе, Сувейл, СухIне. Оцу гIалнашкахь бехачу нохчаша диц ца до дайн ламасташ: дика а, вуон дерзор, хьаша тIеэцар, марха дастар, зудаялор. Иштта Заркъерачу цхьана нохчочо Сувейлера нускал далийна хилла Заркъехь.
Юкъ-кара самукъане а хуьлу нохчийн шахьар: синкъерамаш, Iедало хIиттаен кеп-кепара акцеш. Даима а санна, эшаршца, хелхарца дIайоьлху уьш. Кху мукъаденошкахь Маршо Радион корреспондент хилира рогIерчу културан барамехь.
Иракъан эскархоша гойтуш вара интернетехула херцаршкахь карийна веданхойх ларалуш волу жима Тагиров Билал. Иштта карийна цигахь цхьа нохчийн йоI а. Уьш схьа а лехна, Нохчийчу кхачон Iалашо ю Урдунерчу вайнехан юкъараллин куьйгалхочун Бено Самихьан.
Соьлжа-ГIалара керстачийн кешнаш тишделла
Венехь тIеман-историкан музейхь Австрин пачхьалкхехь дехачу къаьмнийн юккъерачу оьмарехь лелийна духарш, дахаран хьелаш гойтуш фестивал дIаяьхьна кху деношкахь. Венехь беха нохчийн а бара цига кхайкхина.
Нохчийчохь Iедало шайн ма-хуьллу къахьоьгу 1958-чу шарахь дуьйна "Терек" лаьттинчу футболан клубан хийцина "Ахмат" цIе бахархошна марзъярхьама.
Бусулба динах а, бусалба къаьмнашлахь шена дика хетачух а, ша вуон лоручух а, Шемахь боьдучу тIамехь болчу нохчех а, мухIажираллех а дуьйцу Полшин журналисто Марчин Мамона. Эрсно Казбекан видео.
Кхо шо кхочу кхаарийдийнахь харцонца майрра къийсалуш яьхна диссидент Новодворская Валерия кхелхина. Цкъа а прессехь хилла доцу цуьнан кехат довзийтира Маршо Радиона, иза дагалоцуш, Нохчийчоьнан президентан Дудаев ЖовхIаран цIийнананас Дудаева Аллас.
Хьажа кхин дIа а