ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Аватаран" автор ша ву бохуш, юха а кхеле ваьлла Закриев Руслан


"Аватар" филман афиша
"Аватар" филман афиша

Нохчийн яздархочо Закриев Руслана дIахьедина, кхозлагIа а къовса дагахь ву ша Американ режиссерца Кэмерон Джеймсца "Аватар" филман автор ша ву аьлла. Голливудан блокбастер ша хилар кхелехула тIечIагIдайта дагахь ву иза. Кхул хьалха шозза кхеле ваьллачу Закриевн аьтто ца белира.

Адвоката Казацкер Дмитрийс бахарехь, 20th Century Fox International кампанин Оьрсийчуьрчу векалте Закриевс иск кховдийна. Цо чIагIдо, Хамовникан кIоштан кхело шинарин дийнахь дуьйна листа долор долуш ду чуделла арз, бохуш.

"Хьалхо реза ца хилира тхан иск листа, амма оха латкъам бира Москварчу кхеле, хIинца церан тIедилларца юха а толлур долуш ду гIуллакх", - аьлла, хаам бина "Известия" газете Казацкер Дмитрийс.

Иштта, адвокато билгалдаьккхина, иск чуеллачун векалш тIера ца бовлу, процесса юкъаозаве Кэмерон Джеймс бохуш.

2015-чу шарера схьа дуьйнна Американ филман сценари ша язйина бохуш, дIахьедо Закриевс. Масийттазза ша вехачу Ставрополан кIоштан кхеле а дира цо аьрзнаш, амма Кэмерон Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехаш хиларна, гIуллакх доло дуьхьало йира цунна.

"Новости" агенталлаца шен хиллачу къамелехь нохчийн яздархочо чIагIдо, 2002-чу шарахь Проза.ру сайтехь зорбане яьккхинера ша шен "Къайлах герз" фантастикан роман, цу юккъера дийнна блоках Кэмерона пайдаэцна шен кино чохь бохуш. Кэмеронан филм гайта йолийра 2009-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG