ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевца цхьаьна леллачу ИдаловгIеран шина вешин гIуллакх кхеле дIакхачийна


Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а

1999- чу шарахь Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар динчаьрца хилла ву аьлла, бехкевинчу ИдаловгIеран шина вешин Асланбекан а, Саламбекан а гIуллакх кхеле дIакхачийна. Оьрсийчоьнан Талламан комитето шайн сайта тIехь бина цунах лаьцна хаам. ИдаловгIарна бехкедиллина бандиталла лелор, федералан эскаршна кIелояр.

Талламчаша чIагIдарехь, 1999-чу шеран Гезгмашин-баттахь таIзаре хIоттийна шиъ Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла дечу тобанах дIакхетта хилла. Оццу шеран ГIадужу-беттан 4-чохь Шелковскан кIоштарчу Орз-ГIалахь герзашца тIелетта хилла и шиъ оьрсийн эскархошна.

"Талламо гулдина тоъал тоьшаллаш, цуьнца доьзна ИдаловгIеран шина вешина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх Къилбан гонерчу тIеман кхеле дIахьажийна кхин дIа листийта", - яздина ду Талламан комитетан агIонехь.

Карладоккху, 2020-чу шарахь ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхалло лецира Шелковскан кIоштарчу Орз-ГIалина гергахь Идалов Асланбек а, Саламбек а. Цара тIамехь дакъалаьцна баьччийн Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь, аьлла ю информаци. Уьш лоьцуш ФСБ-на накъосталла дина полицин а, Росгвардин декъан белхахоша.

1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Орз-ГIалина уллехь хиллачу тIематасадаларехь вийра 15, чевнаш йира 28 Оьрсийчоьнан эскархочунна.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG