ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци ца яйтахь бераш школе а, бошмашка а дуьтур дац Нохчийчохь


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Нохчийчохь WhatsApp мессенджер лелочарна юкъахь аудио яьржина, парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух озаца коронавирусах прививкаш ца яйтинчарна ден долчух дуьйцуш. Кавказ.Реалиин корреспонденто бинчу хаамца, аудио тIехь дуьйцу, аьхкенан садоIу хан чекхъяьлча школашка а, бошмашка а бераш дуьтур дац, нагахь санна, церан хIусамашкахь болчара COVID-19 уьнна дуьхьал мехий деттийтина цахилахь.

Билггал къамел дийриг Даудов ву я вац хаа аьтто ца баьлла. Бакъду, хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана дIахьедира, вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза аьлла. Цунна гарехь, бахархой кхоалгIачу локдаунах, комендантан сахьтехь, масканаш лелорах кIелхьарбахалур бац вакцина массара а ца тохийтахь.

Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо динера Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.

Ерриг Оьрсийчоьнан вакцинацин статистике хьаьжча, Къилбаседа Кавказан регионаш уггар а тIаьххьарчу могIаршкахь ю. Уггар а кIезиг прививкаш йина Дагестанехь, цигахь вакцинацех чекхбевлла 3,4 процент бахархой.

Нохчийчохь- 7,5%, Къилбаседа -ХIирийчохь - 7%, ГIалгIайчохь - 9%, ГIебарта-Балкхаройчохь - 4%, Кхарачой-Чергазийчохь - II%, Ставропол-махкахь - I0 процент.

Кху деношкахь, вакцинаци яйта езаш хиларх бахархошлахь кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада. Оцу гIуллакхна сацам бина полици а, муфтият а юкъаозо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG