ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара полици юкъаозийна, вакцинаци яйта оьшуш хиларх бахархой кхетон


Гайтаман сурт

Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархошлахь кхетош болх дIабахьар тIедожийна Соьлжа-ГIалин мэро. Оцу гIуллакхна Кадыров Хас-Мохьмада сацам бина полици а, муфтият а юкъаозо. Меттигерчу зорбанаша хаам барехь, шахьаран урхалхочо лерина кхеташо дIаяьхьна полицин дакъойн куьйгалхой а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хьаькам а цхьана юкъахь а волуш.

Кадыров Хас-Мохьмада дIахьедина, вакцинаци шен лаамехь хила езаш ю, делахь а, цо бахарехь, оцу процедурех чекхбовлар оьшуш хиларх нахана дIахаийта деза, мегар дац нах цомгаш хилийта аьлла.

"Адам кхеташ хила деза, пандемин кхозлагIчу тулгIенах лардалархьама, прививкаш яйта оьшуш хилар. Юкъахь болх бахь, вайн аьтто хир бу нийсачу новкъа довла", - билгалдаьккхина Соьлжа-ГIалин мэро, гIалин хIора кIоштахь бахархойн цIа а оьхуш, "болх бар" полицина тIе а дожош.

Ерриг Оьрсийчоьнан вакцинацин статистике хьаьжча, Къилбаседа Кавказан регионаш уггар а тIаьххьарчу могIаршкахь ю. Уггар а кIезиг прививкаш йина Дагестанехь, цигахь вакцинацех чекхбевлла 3,4 процент бахархой.

Нохчийчохь- 7,5%, Къилбаседа -ХIирийчохь - 7%, ГIалгIайчохь - 9%, ГIебарта-Балкхаройчохь - 4%, Кхарачой-Чергазийчохь - 11%, Ставропол-махкахь - 10 процент.

Кху шеран бIаьста Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIийнах волу Кадыров Хас-Мохьмад. Шен политикан карьера Кадыровн гергарчо йолийра кхин а хьалхе. 2017-чу шарахь. шен 26 шо долчу хенахь, Соьлжа-ГIаларчу полицин урхалла дан хIоттийра иза, цул тIаьхьа Устрада-гIалин мэр, тIаккха мехкан кхерамзаллан Кхеташонан секретарь.

Иштта ларийна иза Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалла дан.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG