Несаран кIоштарчу талламан декъан белхахоша талла долийна 27 шо долчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Болчу хаамца, юучуьнца а, машенца а гIо деш хилла цо герзца лелачу тобанан декъашхошна. Цуьнан ц1ийнах хьожуш бомба а, граната а карийна шайна аьлла, д1ахьедина талламхоша, яздо "Кавказский узел" зорбан гIирсо.
Талламчаша чIагIдарца, 2014-чу шеран Охан-баттахьдуьйна ГIадужу-батте кхаччалц шеконашка эцначо, мехкан ши вахархо гIаттамхо вуй хуушшехь, латтош хилла цу шинна кхачанан сурсаташ, республикехула дIасалелош хилла шен машенахь. Несаран кIоштарчу Плиевохь куьйга йина оьккхуьйтург а, граната а эцначу цо, шен цIахь латтош хилла уьш полисхошна карарчу беттан 9-чохь гучуяллалц. ГIалгIайчуьрчу талламан комитетан урхаллан сайта тIехь бина бу и хаам.
ГIуллакх кхин дIа а таллархьама, лаьцна бехкевийриг.
Маршо Радионо яздира кху деношкахь, Ростов гIаларчу тIеман кхело бехке варх лаьцна ТIехьа-МартантIера Цечоев Рохьман, цо терроризм бакъйина аьлла. Цечоевна бехке диллинерасоциалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар.