ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КТО-хь вийначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочун дегIа тIехь ницкъ бина лараш карийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIебарта-Балкхаройчохь ницкъхоша вийначу Хупсергенов Хасанбин дегIа тIехь ницкъбина лараш карийна цуьнан гергарчарна. "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар.) центре бинчу кхайкхамехь дина цунах лаьцна дIахьедар вийначун вашас Хупсергенов Ахьмада.

Цо билгалдаккхарца, дIаволла схьавеллачу Хасанбин дегIа тIехь чевнаш яра, ток йеттийтина лараш а, йоӀзар кагйинера, ишта герзан чевнаш а цхьана яра.

ГIебарта-Балкхаройчохь вийра кху беттан юьххьехь Хупсергенов Хасанби а, цуьнца кхин а виъ стаг а. Къоман антитерроран комитетан версица, "терроран зуламаш дан Iалашо хиллерра" Хупсергенов Хасанбин а, вукху веаннан а.

Адвокато Мацев Рустама хаам бира, байъинчийн гергарчеран дийцарца, церан массеран а догIмаш тIехь ницкъ бинчух тера таммагIаш дара аьлла.

Хьалхо Хупсергенов Хасанбис а, кхечу 19 стагаца цхьана латкъам бинера Евпроперчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ECHR), колонешкахь шайна тIехь Iазап латторна. И латкъам листа тIеэцанчул тIаьхьа иза юхаэцийта гIерташ ницкъаллин структураша Iаткъам бан болийна шена, бохуш вара Хупсергенов, яздора "Медиазона" зорбан гIирсо.

2005-чу шеран ГIадужу-баттахь Нальчикана тIелатар дина аьлла, бехкевинчу Хупсергеновна набахтехь даккха 12 шо хан туьйхира. Бехк тIе ца лецира цо.

Карладоккху, Нальчикана тIелатар динера 2005-чу шарахь ГIадужу-бетттан 13-хь. Герзаца хиллачу лаххара а 200 стага атака йинера иттаннашна гIаларчу объекташна. И тIелатар дар бахьана долуш вийра 35 ницкъаллин структурийн белхахо а, 15 маьрша вахархо а. 200 гергга стаг чевнаш йина вара.

И тIелатар деш дакъалаьцна аьлла чувоьллинера 50 стаг, 11-тта шарал сов хенаш а тоьхна.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, полисхоша тIемалой бара бохуш, дIакхийкхочу наха кхелашкахь дIахьедеш хиларх, тIехь ницкъбина, бехкаш шайга тIелецийтарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG