ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикехь вийна Европан адамийн бакъонашкахула кхеле латкъам бина хилла тутмакх


Нальчик, ГIадужу-бутт 14-гIа, 2005-гIа шо.

ГIебартойн-Балкхарочоьнан меттигерчу къоман антитерроран комитетан белхахоша Нальчикехь вийна 2005-чу шарахь оцу гIалана тIелатар дарехь дакъалацарна чувоьллина хилла Хупсергенов Хасанби. Дийцарехь, иза хилла леррина контртерроран операци дIахьуш.

Хупсергеновца цхьана вийна, антитерран комитетан версица "террорца доьзна зуламаш дан дагахь хилла" кхин а 4 стаг. ТАСС агенталло бичу хаамца, сатоссуш регионерчу оперативан штабо контртерроран операцин (КТО) раж кхайкхорах Нальчикехь. Баксанехь а цхьана юкъаялийра КТО-н раж сатесначул тIаьхьа.

Операци дIахьочу зонехь тIемалой бу лоьхуш аьлла, дIахьедира оперативан штабо. Меттигерчу бахархоша дийцира, спецопераци дIахьочу меттигашкахь хезаш ду дуьйлу герзаш, тIехула хьийзаш вертолеташ а ду аьлла.

Маьршачу бахархошлахь а, шайн ницкъхошлахь а вийна а, лазийна а стаг вац аьлла, хаам бина НАК-н урхалло.

"Тахана Iуьйранна кхо сахьт долучу хенахь зуламхой юкъаберзийнера Нальчикан йистерчу цхьана цIа чохь. Герз охьа а диллий шайна тIе дуьйла аьлла, тIедиллинера царна. Дехарна дуьхьал герз детта буьйлабеллера уьш бакъоларъяран органийн белхахошна. Оцу кхийсаршкахь вийна пхи зуламхо", - аьлла бу НАК-ан хаам.

Хьалхо Нальчикана тIелатар дина аьлла чувоьллина хиллачу Хупсергенов Хасанбис а, кхечу 19 стагаца цхьана латкъам бинера Евпроперчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ECHR), колонешкахь шайна тIехь Iазап латторна. И латкъам листа тIеэцанчул тIаьхьа иза юхаэцийта гIерташ ницкъаллин структураша Iаткъам бан болийна шена, бохуш вара Хупсергенов, яздо Медиазона зорбан гIирсо.

  • Нальчикана тIелатар динера 2005-чу шарахь ГIадужу-бетттан 13-хь. Герзаца хиллачу лаххара а 200 стага атака йинера иттаннашна гIаларчу объекташна. И тIелатар дар бахьана долуш вийра 35 ницкъаллин структурийн белхахо а, 15 маьрша вахархо а. 200 гергга стаг чевнаш йина вара.
  • И тIелатар деш дакъалаьцна аьлла чувоьллинера 50 стаг, 11-тта шарал сов хенаш а тоьхна.
  • Хупсергенов чувоьллинера колоне 14 шо а тоьхна.
  • Чубоьхкинарш кхиам боцуш таллийта гIиртира шайна колонешкахь ницкъбар. Царах шиъ Хакулов Амур а, Каширгов Мурат а велира колонехь, бакъонаш ларъярхоша чIагIдарехь, лоьраша гIо цадар бахьана долуш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG