Нохчийчохь мукъаденош билгалдаьхна, меттигерчу бахархошна бусулбачийн дезачух ГIурбан де даздан, хам бина "Чечня Сегодня" агенталло.
"Кху беттан 19-20-21-ра денош белхан дац, оцу деношкахь массо а мукъа хир ву гIурбанаш а дойуш", - аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Iийд ал-Адхьа, нохчийн маттахь аьлча, гIурбан Iийда - бусалбачийн коьртачех дезде билгалдоккху Макка зиярте бахначеран хьаьж доьрзучу заманчохь.
ГIурбан де даздар Москвахь дIахьура ду кхушара онлайн-рожехь аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан бусалба динан урхалло. Рузбан ламаз дийр ду Оьрсийчоьнан коьртачу гIалин цхьана коьртачу маьждигехь, кхечу маьждигашкахь а, ткъа иштта меттигерчу динца йоьзначу вовшахтохаршкахь а иза дан ца оьшу аьлла хьехар дина динан урхалло.
Оцу юкъанна, карачу беттан 9-чохь дуьйна маьждиге буьтуш бац вакцинаци йина аьлла, сертификат карахь доцурш. Меттигерчу бахархоша даредо, маьждига чувоьдучохь ха деш полисхой бу, низам лардайта хIиттийна аьлла.
Нохчийн муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, сертификат долчо а социалан дистанци ларъян езаш хиларх.
ТIаьххьарчу хаамацша, Нохчийчохь коронавирусан уьнах кхелхина 6 стаг, Товбеца-беттан 12-чохь динчу зерашца, вирус кхетта тIаьххьарчу 24 сахьтехь 95 стагана.