ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь кхиазхошна вакцина маца тухур ю дийцина Гинцбурга


 Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Спутник V" вакцина кхоьллинчу Гамалеян цIарахчу Центран куьйгалхочо Гинцбург Александара хаам бина, 12 шарера 17 шаре кхаччалц хан йолчу берашна COVID -19-на дуьхьал вакцинация яр долор ду аьлла Оьрсийчохь Гезгмашин-беттан (сентябрь) 20-гIа де тIекхачале. Цо дийцарехь, кхиазхошна юкъахь алсамдаьлла и цамагар кхин а хала такхар, хаам бо Свобода Радионо.

Ткъех сов берийн дарбан цIийнашкахь кхиазхошна тIехь зуьйш ю "Спутник V" вакцина. Оцу талламехь дакъалоцуш ду 100 бер. Кху, Товбеца-беттан 6-хь царах 21-нна тоьхна вакцинан хьалхара компонент. Шина беран температура хьалаяьллера 37 градусе кхаччалц, дийцина Гинцбурга.

Гамалеян цIарахчу Центро Мангал-бутт (июнь) чекхболуш кехаташ чуделира Оьрсийчоьнан могушалла ларйон министралле, берашна тIехь клиникан зераш дарна бакъо йоьхуш. Хьалхо хаам бинера, оцу зерашкахь дакъалоцур ду 350 кхиазхочо аьлла. Царна луш бу вакцинан лахбина барам.

Молханашна регуляци йон Европерчу центро, къобалдина керла кеп йолчу коронавирусан инфекцина дуьхьал 12-15 шераш долчу берашна вакцина тохар кхушара Стигалкъекъа-баттахь (май).

Делахь а, Дерригдуьненан могушалла ларйон вовшахтохаро (WHO) Мангал-бутт чекхболуш а бен бакъо ца елира Pfizer вакцинах пайда эца, лаккхара риск йолчу категорерчу 12 шаре девллачу берашна иза тухуш.

Хьалхо WHO-организаци дуьхьал яра кхиазхошна мехий деттарна, цу кепара вакцина лелор кхераме дац аьлла тоъал тоьшаллаш ца хиларна.

ДIадахначу кIиранах Haaretz газето хаам бира, Израилерчу коронавирусехула йолчу экспертийн тобано хьийхира вакцина тоха мегар хилар 12 шо кхачанза берашна аьлла. Буьйцурш бара еххачу хенахь цамгар ловш болу дархой а, ткъа иштта COVID-19 кхетта и цамгар чIагIйелла мега аьлла шеко йолуш цхьаъ хилла а цамгар ловш доьзалхо волчу доьзалшкахь долу бераш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG