ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза мехий деттарх латкъамаш бечу юкъанна Нохчийчохь сихйина вакцинаци


ТIаьххьарчу шина кIиранчохь вакцинаци яйтар жигара даьллачу кхаа регионан топехь нисъелла Москваца цхьана Нохчийчоь. Iедалхоша Москвахь юкъадаьхначу шогачу дозанашца а, Нохчийчохь нуьцкъаша вакцинацина тIетеIорца а дузу и хьал эксперташа.

Ши бутт хьалха Нохчийчоь вакцинаци йойтучу мехкашлахь тIаьхьайисна йогIура. Карарчу беттан 7-чохь, официалан статистико бахарехь, прививкаш яйтина нах алсам хиларца хьалхарчу меттигехь ю иза. Цхьна дийнахь-буса а прививкаш йойту Нохчийчохь 13 эзар вахархочо.

"Спутник V" а, кхинйолу Оьрсийчоьнан вакцинаш йиттина ву Нохчийчохь 300 эзар сов стаг. Оцу боларца йоллу республика вакцинацех чекхъяккха цхьа бутт хан оьшур ю хIинца а.

Дустуш хьахийча, луларчу Дагестанехь 0,9 процент бу 24 сахьтехь ечу прививкийн барам. Оцу боларехь ах республика прививкех чекхъяккха оьшур ду цхьа шо ах шо. ГIалгIайчохь – 0,25, вакцинацех боллу бахархой чекхбаха оьшу биъ бутт.

Бертаза мехий детта шайна бохуш, дуьйцучу бахархойн хаамаш зорбане боху нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан авторша. Цара дийцарехь, прививка йина аьлла, карахь сертификат дацахь аптекехь ца духку царна молханаш, ца буьту туькана, ткъа юьстахчу эвлашкахь лоьрашна улло бевлла хуьлу Росгвардин белхахой.

"Вакцинаци ца яхь, мацалла лийр ву хьо хьайн доьзалца, (хIунда аьлча, болх бан а, молха эца а йиш хир яц) юьхьдуьхьал хьайга схьа аьлча, вахана маха тохуьйту ахь я лоьрашца барт а бой, цхьа витаминаш тохуьйту вакцинан метта. Делахь а бу, шайн дашах ца бухуш, прививка йойтур яц бохурш а, амма уьш а лахлуш бу де дийне, хIунда аьлча, Iедало Iаткъамбар алсамдоккхуш ду. Нах туькана ца буьту, пачхьалкхан белхан меттигашка а ца буьту, цхьанхьа а ца вуьту, ур-атталла, машена чу бензин а ца дутту. Адамашна кхерамзалла латторхьама деш хIума а дац иза, нах вакцинаци яйта декхаре бар ду", - дийцина Кавказ.Реалиига IАДАТАН векало.

Коронавирусах вакцинаци яйтинчу Оьрсийчоьнан регионашлахь тIаьххьарчу меттигашкахь ю Адыгей а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Къилбаседа-ХIирийчоь а.

Оцу гайтамехь тIахьайисина йогIу Оьрсийчоь дуьненан пачхьалкхашлахь. Ковидна дуьхьал вакцина кхоьллина шаьш аьлла, уггар а хьалха дIакхайкхийна пачхьалкх а йоллушехь, регионашкарчу Iедалхоша тIеIаткъамаш бешшехь йиссина Оьрсийчоь тIаьххьарчу позицешкахь.

Хьалхо хаамашкахь яздора, прививкаш ца яйтинчу нахера машенаш ю дIайохуш, пачхьалкхан белхахошка шайн цIийнах мел верг вакцинаци яйта поликлиникашка бига бохуш тIеэгадо, кхерамаш туьйсу лакхарчу доьшийлашкарчу хьехархошна, балхара дIабохур бу бохуш.

Де-юре аьлча, бертаза цхьанна а детташ мехий дац, бакъду, де -факто аьлча, бахархошна дуьхьал хIиттийначу хьелаша ца бевллачу денна декхаре бо уьш прививкаш яйта.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал. Вакцинаци яйта езаш хиларх бахархой кхетош болх дIабахьар тIедожийра Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада Мангал-баттахь полицина а, динан урхаллана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG