ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ: вакцина яц, вакцинаци - ю. Кхерамаш тийсаро хIун пайда бохьу?


 Кадыров Рамзан коронавирус хьакхаеллачу дархойн клиникехь, архивера сурт
Кадыров Рамзан коронавирус хьакхаеллачу дархойн клиникехь, архивера сурт

Адыгей, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь тIаьххьарчу меттигашкахь ю вакцинаци ярца Оьрсийчохь. Ткъа ша Оьрсийчоь дуьненал дуккха а тIаьхьа юьсу уьнна дуьхьал мехий деттарца. Бакъду, массарел хьалха дIахьедира цо ша вакцина кхоьллина аьлла.

Мангал-беттан тIаьххьарчу денойн хаамаша бахарехь, Дагестанехь коронавирусна дуьхьал дуьххьара вакцина тохийтина нах бац 5% а, ткъа шозлагIа мехий тоьхнарш ца кхочу 0,6% бен. ГIебарта-Балкхаройчохь вакцинаци йина 7,5% бахархошна, процедурах шозлагIа а чекхбевлларш бу царалахь 4,5%. 9% гергга бахархошна тоьхна вакцина Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, шозлагIа деттийтина мехий шинахьа 7 а, 6 а процент наха.

Уггаре дукха бу вакцина тоьхна бахархой Чукчийн махкахь – 39%. Ур-атталла пачхьалкхан коьртачу шахьарахь а ца тоьхна мехий, Мангал-бутт боьрзуш довзийтинчу терахьашца, 16% бахархоша бен – амма Дагестанехьчул кхузза дукха нисло иза.

Таханлерчу боларца вакцинаци дIайоьдуш хилахь, масала, Адыгейрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а бахархошна мехий детта дезар ду кхин а 300 сов деношкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь – эха шарахь, Дагестанехь цхьана шарахь эха шарахь. Вакцинаци яйтарца лидераш ларало Къилбаседа Кавказехь Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а: Мангал-беттан 25-чу денна 13% гергга бара цигахь вакцинаци йина нах. 12% бахархошна тоьхна молха Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь а.

Официало бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь Мангал-беттан 28-чу денна вакцинацин хьалхара мехий деттийтина 15% гергга бахархоша, шолгIа мехий – 12% гергга. Оьрсийчоь 100 вахархочунна тоьхначу вакцинан барамца цхьана боларахь ю Казахстанца, Белизца, Тонгаца.

Оццул ледарчу хьелашкахь йолчу Оьрсийчохь массарел а тIаьхьа ю вакцинаци яйтарца Къилбаседа Кавказера республикаш. ТIаьхьайиса юьйлаелира уьш 2020-гIа доьрзуш. Оццу хенахь долийра Оьрсийчохь пандеми эшорах лаьцна деза къамелаш дан. ХIокху аьхка 60% бахархошкахь иммунитет кхуьур ю коронавирусна дуьхьал бохуш яра реляцеш. Иза хила тарло Оьрсийчоьнан Iедало вакцинацина тоъал тидам тIе цаберзоран бахьана, амма оцо кхачийна пачхьалкх падемин "кхоалгIачу тIегIане".

Юьхьанца кхайкхамаш бира COVID-19 цамгарна дуьхьал вакцинаци ян езаш хилар кхайкхош, тIаккха долийра кхерамаш тийса. Дагестан ханна шен караеллачу Меликов Сергейс балхара дIабаха бохура вакцинацин боларца массарел тIаьхьайисинчу кхаа кIоштан куьйгалхой. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Калыров Рамзана шен го арабаьккхира вакцина тохийтарца бахархошна масалш гайта. Мехий деттийтар оьшшучу боларахь ца нислахь, ден долу таIзарш дIакхайкхийра махкахь. Хьаькамашка шайна уггаре хьалха вакцинаци яйта, бохура ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека. Махкахь хьал эшначу далахь, республике кхочу нах шина кIиранна карантине хьийсор бу, элира Къилбаседа ХIирийчоьнах ханна жоп лучу Меняйло Сергейс. Ша вакцинаци шена яйта воллийла официалехь дIахаийтира махканна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас Охан-баттахь (бакъду цо иза яйтина аьлла хезна дац).

Iедалхой кест-кеста леткъа бахархошна мехий деттийта ца лаьа, бохуш, ткъа ма-дарра аьлча, Оьрсийчуьрчу регионашка тоъал ца кхочу вакцина. Охан-бутт юккъе къочуш "Спутника V" вакцинан 20 миллион маха бара Оьрсийчоьно арахецнарг. Цхьайолчу пачхьалкхаша аьрзнаш до, шайна шаьш мах дIабеллашехь, вакцина дIа ца кхачийна, шайна ахча юхало бохуш. Масала, Краснодарехь вакуцинаци ечу меттигашкахь йоккха рагI лаьтта бахархойн "Спутника V" тоьаш яцарна.

Вакцина ца тоьу Нохчийчохь, аьлла, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедар дира Кадыров Рамзана а. Шен юкъаметтигаш шатайпа хиларе терра, Кадыровн олийла ду Путине иштаниг. Амма кхиболчу губернаторшна дуьсург цхьаъ бен дац – вакцина тоъал йолуш санна кеп хIиттор. Регионийн куьйгалхо шалгонна юкъанисбелла: цхьана агIор, пандеми гIелъярхьама вакцинаци хIайт-аьлла дIаяхийта декхаре бина уьш, вукху агIор, вакцина ца тоьу аьлла аьрзнаш дан буьйлалахь, томмагIа дужу царна тIе Кремлан бIаьргаш чохь. Шайн долахь йолчу вакцинан барамал и тохийта арабевлла нах сов цабовларе а, коронавирус шашах къаръяларе а догдоху цара.

"Левада-центро" деллачу хеттаршна (Чиллан-бутт бовш) жоьпаш деллачу нахах 62% кийча бац "Спутником V" шайна тохийта, 30% нах дуьхьал бац иза тохийта. Вакцинанна дуьхьалойийраш бац 1% бен. Аьча а, вакцина тоьуш а хилча, цоп айда бохьур буйла а гича, дукхахболу нах Оьрсийчохь реза бу вакцина шайна тохийта.

Хеттарш ду халкъан вакцинан хьокъехь а. Цкъачунна цхьа а вакцина яц Оьрсийчохь Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино къобалйина. Говзанчаша шеконе йоху "ЭпиВакКорона" ваекцинан эвсаралла, гIолехьа лору "Спутник V" а, "КовиВак" а. Оьрсийчоьно а ца йина къобал дозанал арахьара цхьа а вакцина. Нах вакцинацех къехкош ю цхьана вакцинан метта кхин вакцина лелош гучудийларца лелха скандалаш а.

Вакцинаци цаяйтарна туьйсучу кхерамийн цкъачунна гучуевлла яц тIаьхьалонаш. Къилбаседа Кавказерчу регионийн дайх, цхьа Нохчийчуьра Кадыров Рамзан воцург, цхьа а вац цкъачунна бахархошна кхерамаш туьйсуш, амма нехан могашалла Iалашъярхьама тарло оцу некъа тIе бовла а. Оцу юкъанна, кху аьхкенан беттанашкахь, марсайолуш ю вирус, десташ лаьтта лечийн терахьаш – вакцинаци ца йича ца долу бохург чIагIдо хIоьттинчу хьоло. Цкъачунна лаамза вакцинаци ян декхаребечийн категореш сов шуьйра а яц, могуьйту нахана карарчу ханна мехий деттарна дуьхьало ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG