ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: вакцина тохийта я дарж дита


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира юха а дIахьедина, ша вац вакцина нахе ницкъаша яйтийта реза, аьлла. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву шен мохк, муьлхха а мах белла а, товш гайта. Республикехь вакцинаци ярх а хьакхало и лаам. ХIинца машенаш дIайоху Нохчийчохь вакцина тохийтина боцчу дайшкара, Iедалан белхахой декхаребо мехий деттийта поликлинике берриг доьзал бига, университетера хьехархой а дIабохур бу боху вакцинацех къехкаш хилахь. Де-юре стагга вац ницкъаша тIетеIош, амма де-факто некъ ца буьту бахархошна вакцинаци ца яйта.

Нохчийчоьнан бахархошка вистхуьлуш, Кадыровс Мангал-беттан 26-чохь хаийтира махкахь ковид-ун марсадолуш дуйла.

"Нохчийчохь, ерриг а пачхьалкхехь а санна, цамгар яьржаш ю юха а. ДIадахначу кIиранах субъектехь дарбан хIусамашка уьно кхачийнарш 25-нне ца кхоччуш хиллехь, хIинца и терахь 60-ннал совдаьлла", – элира мехкан куьйгалхочо.

Хьал толуш доцийла гойту меттигерчу телеканалашкахула могашаллин министр Сулейманов ЭльхIам гайта волоро – пандемин кхоаьлгIа мур болабала тарло олу цо кест-кеста.

Мехий деттийтар цIеххьана чехкаделира Мангал-беттан 26-чохь Кадыровс кхерам тесча – ковид-диссиденташ дарбан хIусамашка массарел тIаьхьа бен ма бита, "хаийта мел кхераме ду хIо ца тоьича", - элира цо.

Регионерчу Iедалхоша иштачу гIулчашца аутсайдерийн могIарара лидерийн могIара яьккхира республика. Иза массо а субъектел хьалха хилар хаийтира Мангал-бутт боьрзуш Путине вице-премьера Голикова Татьянас.

"Суна хазахета вайн бахархоша лаккхара кхетам гойтуш, массара а цхьабосса вакцинаци йойтуш", – яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Амма Нохчийчуьрчу бахархоша ца боху социалан машанашкахь шаьш лаамехь лела вакцинан мехий деттийта.

"Кавказский узел" газето бечу хаамца, Нохчийн университетан хьехархо цец-акъ ваьккхина шега куьйгалло яздинчо: хьо балхахь вуьтур вац, герггарчу деношкахь вакцинаци яйтина ца хилахь! Ткъа ша Iилманча-м вац дуьхьалваьлла лелла, ханна тIаьхьависар доцург.

Цхьаммо а лелор яц машен, вакцинаци йина вацахь

Соьлжа-ГIалахь таксилелорхочо дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, шайн паркехь "иттех де хьалха, стагга а юкъах ца вуьтуш, балхах бохорна кхерамаш а туьйсуш, массаьрга яйтина вакцинаци, ца йинарг балха вуьтур а вац боху", аьлла.

Оццу маьIнехь бара социалан машанашкахула бен хаамаш а. Цхьана нохчийн оппозицин паблико яздора, "хIинца кадыровхоша, машенаш а сецош, хоьтту вакцинаци ярах долу кехат, иза дацахь, дIайоху машенаш", аьлла.

Хьалха-Мартанарчу администрацин белахочо Лидас (цуьнан дехарца хийцина ю цIе - ред.) дийцарехь, цуьнан коллегаш декхаребина, шаьш хьовха, шайн гергарнаш а вакцинаце кхачо, дена-нанна, вежаршна-йижаршна мехий деттарх долу кехаташ гайта.

Изза хьал ду полицехь а, кхечу ницкъаллин урхаллашкахь а. "Белхахошка аьлла, "результат ян еза" вакцинаци йина боцчарна тIехь. ХIинца хIора белхахо декхаре ву шеца масех стаг мехий детта вига. Белхахочо [полицин] шеца стаг валаво, дIаяздо иза валийнарг "хIара ву", олий, хаам бо – 1ADAT телеграм-канало.

Шуьйта эвлан йистехь
Шуьйта эвлан йистехь

Лаьмнашкарчу Веданахь хьехархочо дийцира Кавказ.Реалиига, вакцинаци еш видое йоккху, аьлла. Цо бахарехь, маха кечбеш а, тухуш а гайтийта дIатарйина камераш. Цхьаболучара маха туху кеп а хIоттайой, иза ца тухуьйтуш меттигаш йогIура, боху хьехархочо.

Оццу Веданахь дIакхайкхийна, йохк-эцар ян меттиг бугIучуьнгахь вакцинаци йина сертификат хуьлда, аьлла. Оцу бахьаница вакцинаци ярх долчу тоьшаллах боккху мах бистина 3 эзар соьма тIера 10 эзарне кхаччалц.

Мангал-беттан 28-чохь Веданара С. Раиса дарбан цIийне дIа ца эцна шен цомгуш хиллачу бераца, вакцинан маха тохийтина яц аьлла. ЦIаяхана, маха а тохийтина, шозлагIа яхана иза мехкан шахьара. Ткъа тIаьхьо оцу дарбан цIийнехь цунна хаийтина, бер дакхош йолчу нанна мехий детта мегаш доцийла.

Шинарин дийнахь, Мангал-беттан 29-чохь, Соьлжа-ГIалара Шуьйта боьду некъ бара бихкина – машенийн дайшка а, пассажирашка а вакцина ярх долу тоьшалла хоьттура. Кавказ.Реалиис бина и хаам бакъбира оппозицин 1ADAT телеграм-канало.

Кавказ.Реалиин корреспондента хеттарш дира Соьлжа-ГIалин урамашкахь. Арахьара меттанаш хьоьхучу Камилас бохура, шайга цкъачунна ца хоьтту вакцинан сертификат, амма иза хиндерг ду.

Берийн бешара массо а белхахой декхаребина вакцина яйта

"Ас хьалха болх бинчу берийн бешарчу белхахошна тIедожийна вакцинаци яйта. Дукхахберш реза бацара, амма яйтина. Ца яйтахь, болх бита аьллера цаьрга", – элира педагога.

Фитнес-тренера Амината шайн центрехь "массарна а баледаьхна и мехий", - бохура.

"Балхахь тхуна тIедожийна вакцинаци яйтар, клиенташкара а деха деза оха вакцинаци ярх долу тоьшаллаш. И хьал оха муха лардо толлуш, хьовсархой лелар бу аьлла", - билгалдаьккхира Амината.

Цхьана министраллерчу белхахочо Юсупа бахарехь, церан хьукматехь а ву "массо а мехий деттийта хьийзош".

"Ас аьлла куьйгалхочуьнга, маха айса тухуьйтур бац, хIума хала ца хеташ, даржера дIа а вер ву хьашт делахь. Со ца теша оцу вакцинах", – элира даржхочо.

Мангал-беттан 26-чохь Нохчийчохь вакцинан хьалхара компонент тохийтина вара 175 671 стаг (31,5%), шолгIаниг тохийтинера 83 535 вахархочо. Цул тIаьхьа кхо де даьлча махкахь вакцинаци йина вара 220 эзар вахархо. Иза Оьрсийчохь уггаре сиха болар ду.

Туьканийн неIаршна тIелатийна го республикехь, вакцинаци йина воцург чуван мегаш дац боху кехаташ.

Iедалан хьукматна чувоьдучуьнгахь а хилла деза изза тоьшалла.

Iедалхоша бахарехь, махкахь 38 лоьрийн пункт ю вакцинаци еш. Лела мехий детташ лоьрийн тобанаш шаьш а. Полицин белхахой бу царна уллебевлла лелаш.

ХIиттош долу дехкарш муха лела, уьш мел довзуьйту нахана – иза ду коьрта

Бакъоларъярхойн Human Rights Watch организацин Оьрсийчуьрчу программин куьйгалхочунна Локшина Татьянина хетарехь, "коьртаниг ду, хIиттош долу дехкарш муха лела, уьш мел довзуьйту нахана. Москвахь омранаш арахьоьцу, масала. Ткъа Нохчийчохь ца го дехкарш низамашкахула деш".

Адамийн бакъонийн эксперташ къера бу, хила деза пандемин муьрехь цхьацца дехкарш, амма ца деза царех къайле ян, тIех шога хила а ца деза уьш. Хила тарло вакцинаци яйтар цхьаццадолчу, наханна юкъахь болхбечу адамашна, тIедожийна. Иштаниг Оьрсийчохь хилла ца Iаш, дозанал арахь а ду лелаш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG