ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковрчу десантхошна тохар дина аьлла шеконашца лаьцна нохчо


Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, лаьцна Алханов Мохьмад, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву аьлла, дIахьедина талламчаша, яздо "Кавказский узел" ресурсо. Дахначу кхаарин дийнахь лаьцначу Алхановга бехкаш кховдо дагахь бу герзашца талораш лелорна а, гIаттамхойн тобанехь дакъалацарна а, эскархошна кIелоярна а, хаам бина Талламан комитето шен сайтехь.

Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.

Кху шеран Зазадокху-баттахь Улус-Кертахь тIемаш бина 21 шо кхочуш Талламан комитето дIахьедира, цигахь тIелетта ву аьлла, 29 декъашхо билгалваьлла шайна, царех пхиъ лехамашкахь ву, тIелатаршкахь хилла ву аьлла, 45 сов стаг шайн шеконашкахь а ву аьлла.

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, нохчийн поэт Арбинин Герман (Шемал) лаьцна Москвахь, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву, гергарчу заманчохь бехкаш кховдор долуш ду цуьнга, аьлла, даржийра прессехь Зазадокху-беттан 25-чохь.

Социалан машанашкахь алссам яьржина, евзаш ю Арбининан байташ. Цо бандиталла а лелийна, иза зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, шеконаш ю талламчийн.

Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу, 21 шо хьалха динчу тIелатарехь Арбинина хIун дакъа лаьцна, муьлхачу зуламашна бехке ву иза тIечIагIдархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG