ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца къамел дан ша кийча хиларх дIахьедина Байдена


Американ президент Байден Джо
Американ президент Байден Джо

Американ Цхьанатоьхна Штаташ дуьненан арени тIе юха йогIуш ю аьлла, дIахьедина Американ президенто Байден Джос кIирандийнахь, Корнуоллера "G7" саммит йирзинчул тIахь хIоттийначу пресс-конференцехь. Дуьненчуьрчу ворхI пачхьалкхан лидерша дийцаредина коронавирусан пандемица къийсам латторах долу хеттарш а, дуьненаюкърчу йохка-эцарна Китайс бен тIеIаткъамах а, кхин долу цхьа могIа хеттарш а.

Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Женевехь хиндолчу цхьанакхетарх дерг аьлча, Байдена дийцина журналисташка, ша президент харжале аьллера ша Путине, оьрсийн лидер Америкерчу харжамашна юкъагIортарх хаттар листа дагахь хиларх. Ткъа хIинца, иччархойн зерашена тIекхача аьтто баьллачу Байдена тIечIагIдина, Путин Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамийн кампанина юкъагIоьртина хилар.

Америка дов лоьхуш яц, Вашингтонна хетарехь, "дуьненаюкъарчу низамашца догIуш доцучу", Оьрсийчоьно лелийначух цхьа йист яккха хьйиза аьалла.

Цунна хетарехь, хуьлучунна тIекхиархьама - цхьанакхета а веза, къамелаш дан а деза.

"Шун шеконаш хир яц аьлла, тешна ву со, вайн проблемаш бахьана долуш ас цуьнца диллина къмел дийриг хиларх", - аьлла Байдена.

Журналистийн хеттаршна жоп лучу заманчохь Путинца цхьана пресс-конференцехь дакъалаца ша дуьхьал хиларан бахьанех а дийцина Американ президенто.

"Ша дикачу агIор хьан гойтур ву, юьхьIаьржа мила хIоттор ву хьовсуш къовсам бац хIара, - аьлла цо. - МаьIне ду, къаьсташ со дIахьедан дагахь хилар, юкъаметтигаш тоян дан ошучух. Цхьнакхетарх сайна хетарг ас эр ду, шена хетачух цо дуьйцур ду. Амма суна ца лаьа цхьанакхетарехь тидамбар хийца: вовшашка куьйг делирий, муха лаьтташ варий, бохуш", - кхетийна Байдена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG