ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина жоп делла, ша киллер ву я вац, аьлла, NBC News-о динчу хаттарна


NBC News телеканална интервью елла Оьрсийчоьнан перзидента Путин Владимира. Журналистца Симмонс Кейрца хиллачу къамелан кийсак зорбане яьккхина пIераскан сарахь, Манагал-беттан 11-чохь.

Корреспондента хаьттина Путине, вуй иза киллер. Хаттар ша луш журналиста дагалецира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента ABC телеканало шега, Путин киллер хетий цунна, аьлла хаьттича, Байдена "хета" жоп делла хилар. Хаттар воьлуш тIеийцира Путина, элира, ша шен даржехь Iачу заманахь воьллу цхьацца бахьанашца шех лаьцна вониг олуш нисдаларх. "Оцу могIарахь со цецвоккхуш хIума дац" – жоп делира Оьрсийчоьнан президента.

Хаьттира Симонса Путине "Новая газетин" журналист Политковская Анна а, оппозиционер Немцов Борис а, аудитор Магнитский Сергей, Лесин Михаил, кхиболу Оьрсийчуьра жигархой хIаллакбарх лаьцна. Президента жоп делира, зуламхой схьакарийна, Москва кхидIа а кийча ю талламаш дIабахьа, аьлла. Хьехораш цхьацца-цхьацца заманашкахь а белла, уьш байъарна кеп-кепарчу нехан бехк а бу, билгалдаьккхира Путина.

Ша къастийна хьахийра Путина 2015-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь велла зорбан а, телегйотийлийн а министр лаьттина Лесин Михаил. Иза дика адам дара, элира президента.

90 минотах лаьтта интервью юьззина зорбане ер ю NBC News телеканалехь Мангал-беттан 14-чохь, Женевехь Путин а, Байден а цхьаьнакехта ши де дуьсуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG