ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роскомнадзоран "арахьарчу агентех" омра юхадаккха, боху RFE/RL медиакорпорацино


"Арахьара агенташ" олучу зорбан гIирсаша шайн материалаш билгалъяхаран кепах лаьцна Роскомнадзоран омра юхадаккха дезаш ду, - аьлла хета, Маьрша Европан Радио/Радио Маршо медиакорпорацин хьашташкахула векал волчу ООО "РСЕ/РС" вовшахтохараллан инарлин директорна Шарый Андрейна. Оцу омрано а, иштта кхидолчу Оьрсийчоьнан "арахьарчу агентех" лаьцначу низамаша а, йохош ю дуьненаюкъарчу бакъонийн норманаш а, Оьрсийчоьнан Федерацин Конституци а, шуьйра хаамаш баржочу гIирсех лаьцна низам а, уьш дуьхьал ду медиа-рынкехь цхьатерра конкуренци хиларан принципашна а, цхьатерра маьрша хаамашна тIекхача аьтто хиларна а". Цуьнах лаьцна яздо Свобода Радионо.

И дIахьедарш дина Санкт-Петербурегрчу экономикан форуман гурашкахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIадаьхьначу "ИноСМИ-иноагенты в России" цхьаьнакхетарехь.

ЦIе иштта хиларга хьажна ца Iаш, цхьаьанакхетаран доккхаха долу дакъа хьажийна дара Москвана нийса ца хетачу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн "арахьарчу агентех" лаьцна долчу низамна критика ярна а, кхечу малхбузерчу пачхьалкхашкахь Оьрсийчоьнан информацин Iаткъамна дуьхьало ярна а.

Маьрша Европан Радио/Радио Маршо корппорацин векалшна а, Евробартан Москварчу делегацина а шайна хетарг ала мероприяти чекхйолулш елира 5-7 минот хан.

И цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн информацин а, зорбанан а департаментан директора Захарова Марияс хаам бира, Оьрсийчоьнан "арахьарчу агентех" лаьцна низам куьзганчохь санна делла жоп ду аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Америкехь болчу оьрсийн журналисташна дуьхьал" лелочунна.

"БIаьрга дуьхьал бIаьрг" принципца лела дезаш хьал ду тхоьгахь", - билгалдаьккхира цо. Захарована хетарехь, "арахьара агентийн" цIарах болх бечу журналисташна цхьа а дехкарш дац (Оьрсийчохь), цара цхьатерра пайда оьцу оцу сферехь Оьрсийчохь болх бечу кхечу нехан йоллучу бакъонех".

Маьрша Европан Радио/Радио Маршо корпорацин куьйгалхоша а, дуьненаюкъарчу журналистийн кхечу вовшахтохараллийн векалша а дуккхазза а харц хилар гайтира иза, Оьрсийчохь болх бан Свобода Радионна хIиттийна хьелаш аьттехьа а догIуш ца хилар RT телеканалана а, "Оьрсийчоь тахана" корпорацин кхечу проекташна а Америкехь кхоьллинчу хьелашца.

Зорбан гIирсех "арахьарчу агентех" лаьцначу низаман цхьацца дакъош кхочуш ца до бохуш Оьрсийчоьнан Iедалша гIуданаш детташ ду Свобода Радионна а, Настоящее время телеканалана а, Маьрша Европан Радио/Радио Маршо корпорацин оьрсийн маттахь йолчу кхечу проекташна а.

Кхушеран хьалхарчу 5 баттахь Роскомнадзоро хIоттийна 520 протокол хьажийна кхеле, стохка гурахь зорбане евллачу материалашна маркировка яр тIедожош болх бан доладелла Роскомнадзоран омра дохийна аьлла.

Дерриг а кхелана сацамашца тоьхначу гIуданийн терахь ду 100 сов миллион сом. ООО "РСЕ/РС" вовшахтохаралло латкъамаш бо оцу кхелан сацамашна, делахь а аппеляцеш кхин хуьйцуш хIума доцуш юьтуш ю Москван Тверан кIоштан кхело.

Маьрша Европан Радио/Радио Маршо корпорацин векалша лехам (иск) хьажийра Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле.

Свобода Радионна а, оьрсийн маттахь йолчу Маьрша Европан Радио/Радио Маршо корпорацин кхечу проекташна а дина дехкарш а, детташ долу инзаре даккхийн гIуданаш а цензура ю, церан Iалашо ю Оьрсийчоьнан юкъараллин сферера бозуш боцу зорбан гIирсаш дIабахар, аьлла ду медиа-корпорацино кечдинчу лехаман дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG