ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Радио Свободано Оьрсийчоьнан Iедалша лелочунна латкъам бина Европан адамийн бакъонашкахула кхеле


Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин гIишло
Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин гIишло

Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин верас йолчу ООО "РСЕ/РС" юкъаралло, кхайкхам бина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ECHR), медиакорпораци хьокъехь Оьрсийчоьнан кхелаша бина сацамаш кхочуш барна мараторий кхайкхор Iалашонца, тIаьхьа а ца тоьттуш, сихха гIулчаш яхахьара аьлла.

ECHR-н регламентехь билгалъяьхна ю оцу тайпа гIулчаш (барамаш), нагахь уьш кхело тIеэцахь, уь юкъаяхар, суьдехь къастош долчу гIуллакхехула кхоччуш сацам тIеэццалц.

Оьрсийчоьнан Iедалша бIеннаш административан протоколаш хIиттийна ООО "РСЕ/РС" юкъараллан а, цуьнан инарлин директоран Шарый Андрейн а хьокъехь, "кхечу пачхьалкхийн агентех" лаьцна низамаш дохийна аьлла уьш бехке а бина. Оцу протоколех цхьана декъехула кхелаша сацамаш бина гIуданаш такхар тIедожош.

Европан адамийн бакъонашкахула кхеле динчу дехарехь Радио Маьрша Европа/Маршо Радионо (Радио Свободная Европа/Радио Свобода ) чIагIдо, Оьрсийчоьнан Iедалша лелочо йоха йо, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцин 10-чу артикло билгалйина маьршша хетарг ала а, дийца а йолу адамийн бакъонаш.

Кхело дан дезарг ду кхачояран гIулчаш тIеэцар, хIунда аьлча, иза ца дахь, ООО "РСЕ/РС" корпорацина а, цуьнан инарлин директорна а юхаберзалур боцу эшам хин болун дела. Цул сов, Радио Свобода а, кхин йолу Радио Маьрша Европа/Маршо Радион проекташ а хьийзоро вочу агIор Iаткъам бан мега кхечу Оьрсийчуьрчу бозуш боцучу зорбан гIирсийн кхолламна, церан хьокъехь Кремлан куьйгаш а даьстина.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан исторехь хилларг ду, кхачояран гIулчаш юкъаяхар, Iедалш зорбан гIирсийн маьрша хиларна юкъагIортар бахьана долуш.

2017-чу шарахь Радио Свобода а, кхин йолу а Радио Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацин проекташ лаьрра Оьрсийчоьнан Iедалша "зорбан гIирсаш – кхечу пачхьалкхийн агенташ" (СМИ-иностранные агенты).

Медиаюкъаралло масийттаза билгалдаьккхина, шена ша цхьана а кхечу пачхьалкхан "агент" хеташ цахилар, шен редакцин политика буьззинчу барамехь йозуш йоцуш хиларна.

Стохка гурахь Роскомнадзоро декхарехь бира "зорбан гIирсаш-агенташ" шен ерриг а материалашна ша-кепара билгалонаш хIитто. Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацино дерриг а Оьрсийчоьнан низамаш кхочуш деш хиллехь а, иза реза цахилира и биллам тIелаца, шен радакцин политикана иза юкъагIертар ду аьлла.

Кхушеран Дечке-беттан 12-хь дуьйна Оханан-беттан 15-чу кхаччалц Роскомнадзоро 390 протокол хIоттийна, 100 миллон сов соьмана гIуданаш тухуш. Оцу урхаллао дIахьедина шаьш кхин а 130 протокол хIотто Iалашо йолуш хиларх лаьцна, хIораннан а мах шозза алсам а боккхуш. ООО "Радио Маьрша Европа/Маршо Радио" юкъаралло къевсина идерриг и гIуданаш Оьрсийчоьнан низамаш билгалъяьхначу кепашца, амма кхело бух болуш ца лаьрра цхьа а таханлерчу денна йина йолу апелляци.

ТIаьхьарлерчу шерашкахь Радио Свободан а, кхийолчу а проектийн а гӀapaйоьвлар дӀасхьацатеӀаш кхуьъуш ду. ХIора кIиранах лаьарча Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин аудиторин терахь ду 7 миллион стаг. Маршо Радион Оьрсийн сервисан сайташка хьажаран терахь ду 16 миллион.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхайкхам барца доьзна корпорацин президенто Флай Джеймис дIахьедар дина: "Оьрсийчоьнан Iедалийн аьтто бера бац Радио Маьрша Европа/Маршо Радио юхаяккха маьрша дош аларх а, нийсонан журналистикех а. Оха Роскомнадзоре а, Кремле а тхайн метта сацамаш бойтур бац, муха лело еза юкъаметтигаш тхайн аудиторица бохучу хаттарехь. Тхо сатесна ду Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даре дийр хиларе Оьрсийчоьнан Iедалша лелориг ша ма-дарра – дешан маршонна а, Оьрсийчоьнан халкъана хаамашна тIекхача бакъо хилар а Iаткъам бан гIортар кхераме прецедент хилар а, берриг а маьрша зорбан гIирсаш дерриг дуьнентIехь кхерамна хьалха лаьтташ а болуш иккхина йолу".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG