ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Доккин тобанхочун гIуллакхехь теш волчо шена тIехь ницкъ бо аьлла, дIахьедина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Умаров Доккин тобанехь бакъоларъяран органийн белхахошна тIелатар дина аьлла, бехкевечу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Добриев Абон гIуллакх кхин дIа талла долийна Къилберчу тIеман кхело.
ВидеозIенехула левина хилла, хьалхо оццу тобанхошца лелла ву аьлла, таIзар дина Дидигов Юнус. Умаров Доккин тобанхочун гIуллакхехь теш волчо шена тIехь ницкъбо аьлла, дIахьедина.

Йоьдучу кхеташонехь прокурора дIадешна Дидиговс хьалхо талламаш болийначу юкъахь дина тоьшаллаш. ХIетахь цо хаам бинера, Умаровс буьйралла динчу тобанехь "Iийса" цIарца лелла Добриев вевза шена , аьлла. Масийттаза гина ву иза шена, амма туьтмIаьшгаца аьллера цо.

Мацах динчу мукIарлонца ишта дIахьедина цо, тобанхоша дечу масех тIелатаршкахь Добриев дакъа лаьцна ву, иштта, 2012-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу ОМОН-н командирна Толдиев Хьусайнна йинчу кIелонехь а цхьана.

Делахь а, кхелехь Дидигов дуьхьал хилла хьалха дийцинарг къобалдан, шена тIехь ницкъ а бина, Добриевна дуьхьал тоьшаллаш дайтинера шега аьлла.

"Со Красноярск-махка дIавигича, тутмакхаш латточу камера чохь дIатарвира со. Цара вехка а вихкина, йиттира суна, кхерамаш а туьйсуш. Цул тIаьхьа полицин шина белхахочунна Денисовна а, Головлевна а тIевигира со, цара цхьа кехаташ а кховдийна, элира соьга: "Я ахьа кхарна куьйгаш яздо, я юха а чувуллу хьо", - дIахьедина Дидиговс.

Цо дийцина, шена Добриев цкъа а гина вац, полисхоша вийцарехь бен цунах лаьцна шена хиъна а дац аьлла. Делахь а, дика вевза цунна "Iийса" цIе лелош хилларг. Иза мила ву дийца дуьхьал хилла Дидигов, амма цо билгалдаьккхина, Несарарчу тобанхошлахь пхи стаг бен вацара аьлла. Юнус воцург а, хилла царлахь Тутаев Ахьмад а, Экажев Адам а, Нальгиев Хьасан а, Орцханов Тимур а.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Добриев Або 2019-чу шарахь Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал хIоттийна митинг йирзинчул тIаьхьа лайцарх. СИЗО-хь латтийра иза, амма кхелахошна бух ца карийра, митинг хIотторна а, ницкъхошна дуьхьал ницкъбаккхарна а иза бехке хиларх. Делахь а, изоляторчуьра араволучу заманчохь Добриев юха а лецира - керла бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а айдеш.

Добриевна бехкаш дехкина, зуламхойн тобанехь латтарна а, стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, лоьлхуьйтурш ярна а.
Дуьйцург ду, полисхошна а, МЧС-н белхахочунна а, ОМОН-н капитанна а тIелетарш дар а, Несарарчу прокуратурана герзаш деттар а. И дерриг а хилла ду 2010-2012-чу шерашкахь.

Добриевн хиллачу адвокато Тепсаев Шерипа билгалдоккхура, доллу бехкаш цхьана стага - Оьрсийчоьнан ницкъхоша "Кавказан Имаратан" цхьахйолчу тобанан командир хилла ву бохучу Орцханов Тимура динчу тоьшаллашна тIехь дуьхьал даьхна бохуш.

2012-чу шарахь дуьйна Орцханов Тимур шен доьзалца хьулвелла хилла юьхьанца Бельгехь, цул тIаьхьа Германехь а. 2019-чу шеран Зазадокху-беттан 14-чохь Германино Оьрсийчу депортаци йира ГIалгIайчоьнан вахархочунна а, цуьнан кхаа берана а. Къайлахчу сервисийн белхахоша Москвахь дIалецира иза. Орцхановн хьокъехь толлучу гIуллакхна тIехула зенаш хилла ву аьлла, билгалваьлла 33 ницкъахо, эскархо, церан герагара нах а. ГIуллакх толлучу юкъанна лаца кхайкхийна ву кхин а 8 стаг.

Къилбаседа-ХIирийчоьнан Лакхарчу кхело шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 15 шо хан кхайкхийра Дидигов Юнусна. 2013-чу шарахь масийттазза латкъамаш бира цо, шена тIехь Iазап латторах. Дидиговс дIахьедора, шена еттарх а, ток йеттийтарх а, хьийзор ву бохуш, кхерамаш тийсарх а. Йоьдучу кхелехь а цхьана хаамаш бора цо, шена ницкъбарх, ишта бакъоларъярхошка а велира дIахьедаршца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG