ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкесскерчу СИЗО-хь латтош ю доьзалхочух йолу дагестанхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера Велиметова Регина чохь латточу Кхарачой-Чергазийчоьнан шахьарарчу талламан изоляторехь долчу хьелашна саготта бу цуьнан гергарнаш. ТIемалошна ахчанаш латтийна бохуш, бехке йо ворхIолгIа бутт а болуш, доьзалхочух йолу иза.

Талламчаша даредарца, 2017-чу шарахь Мисара а яхана, цигара дIа Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана ахчанаш хьежийна цо. Велиметовас бахарехь, "дахаран халачу хьелашкахь нисбеллачу бусулбанашна гIо дина" цо, хаам бина "Кавказский узел" интернет-гIирсо.

Карарчу шеран Дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIаехначул тIаьхьа Мисарара араяьккхира Велиметова шен хIусамдеца а, берашца а. ГIуллакх толлуш дара Кхарачой-Чергазийчохь, оцу махкахь таIзар динчу цхьана тешо цунна дуьхьал мукIарло дина хиларна.

"Суьрташ тIехь цхьана зудчунна евзина иза, декъашхо яра аьлла. Цигахь дIатийсина цхьацца ахчанаш а ду, террорхойн юкъараллашна гIо дина а боху", - дийцина хаамийн гIирсе лаьцначун дас Велиметов Рейседдина.

Гергарчара билгалдаккхарца, бер дан хан герга кхочучу зудчунна атта дац лаьцна йолуш, ткъа шен диъ бер цунна бIаьрга дайна дац иза лаьцначу дийнахь дуьйна.

Къилбан гонашкарчу тIеман кхеле кховдийна Велиметован гIуллакх, леринчу къепехь таллийта, аьлла "Кавказский узел" ресурсе зудчун адвокато.

Дийцарехь, Велиметован хIусамдена тIехь ницкъ бина иза Оьрсийчу кхаьчначул тIаьхьа, терроризмна ахчанца айхьа гIо латтийна алий, тIелаца бохуш. Цо куьйг ца таIийна хилла шега деллачу кехаташна, ткъа шина кIиранах латтийна иза араваьккхира эххар. Цул тIаьхьа, "Кавказский узел" хьостано чIагIдарехь, граната а тесна, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, юха а лецира иза. ТIаьхьо цIера валар а дихкина, маьршаваьккхира.

Маршо Радионо хьалха а яздира, Шема дIабахначу Оьрсийчуьрчу зударийн кхолламах. Доккхачу декъанна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн зударий а, доьзалш а бу уьш. Дукхахболу зударий - Къилбаседа Кавказера схьабевлла бахархой - хIинца а даймахка бахка йиш йоцуш бу.

Оха дийцира Дагестанерчу Хаси-Юьртарчу СИЗО-хь латтош йолчу Нохчийчуьрчу 63 шо долчу Рамазанова ПатIиматах лаьцна. Талламчаша бехкбиллинера цунна, гIаттамхойн тобанехь хилла, теракт дина аьлла. Ткъа Рамазанован гергарчара а, адвокато а дийцарехь, иза Шема тIом бан яхана яцара, йийсарера шен йоI а, цуьнан бераш а кIелхьардаха яханера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG